ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газан мах лахбо Украинина оьрсаша


Украинана юхкучу газан 1000 куб-метран мах 247 долларе охьабоккхур бу шаьш, аьлла Оьрсийчоьнан премьер-министра Медведев Дмитрийс «Газпроман» куьйгалхочуьнца Миллер Алексейца а, энергетикан министрца Новиков Александрца а хиллачу шен къамелехь оршотдийнахь.

40 долларна лахбеш бу газан мах, ткъа бахьана - ягочун дуьненаюкъара мах охьабожар. ХIинца хIоттош болчу мехха юхку Оьрсийчоьно газ, Медведевс бахарехь, луларчу Полшина а.

«Мах Киевн дехарца лахбеш бу, вай кийча ду накъосталла дан» - бохура Медведевс.

Шинарийдийнахь Оьрсийчоьнан а, Украинин а рогIера дийцарш ду газан механ хьокъехь хуьлуш Брюсселехь. Оьрсийчоьно сатуьйсу ша йоккхучу «оьзда гIулчан ЕвроБерто а, Украино а хамбаре» - аьлла Медведевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG