ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iеламнах шен гурашка лоьцу Нохчийчоьнан муфтиято


Юкъараллера жигархой а санна, Iеламнах а бу Нохчийчуьрчу Iедалан тергонехь. Церан доладархьама, рогIера кхеташо дIаяьхьина мехкан куьйгалхоший, муфтиятой. ХIинцачул тIаьхьа хьаькамашна а ца хууш, ша-шеггара Малхбале дин Iамо вахалур вац цхьа а нохчо.

Деношкахь Нохчийчоьнан Динан урхаллехь мехкан куьйгалхочун омрица молланаша а, имамаша а, республикан муфтиятан векалша а кхеташо дIаяьхьна коьртехь муфтий Межиев Салахь а волуш. Бараман Iалашо яра дин махкал арахьа довза а, Iамо а луучийн бахар-бахкар, церан некъаш а, хатI а Iедале дола далучу юкъарчу хорша, цхьана кепе даккхар.

Шен къамелехь муфтис ялхийра республикехь хIоьттина коьрта пробелема. Денна бохург санна, меттигерчу Iедалца дага а ца буьйлуш, кегийнах дIаоьху Малхбалерчу мехкашка динан Iилма лаха, бохура Межиевс.

Бинчу талламашца, 200 ца кхоччуш жимастаг араваьлла махкара бусалба дин Iамо деша воьду аьлла, амма царех 20 процент бен доьшуш вац, вукхара хIун леладо, мичахь лела муфтиятна ца хаьа, цуьнан тергонехь дац, элира муфтис.

Цунна гарехь, мехкан дайн тIехь Iуналла а доцуш дIаоьху кегийрхой, тарло Шемахь тIемаш бечу ДАIИШ-ан тобанех дIакхета, аьлла дара кхеташонан декъашхошкара даьржа арз.

Дукха хан йоццуш Нохчийчоьнан Динан урхалло Мисарарчу динан университетца бартбина, Нохчийчуьрчу Динан урхаллера кехат-бакъо шегахь йоцу жимстаг деша дIа ца эцийта. И болх кхин а чIагIбеш, тIетуьйхира Межиев Салахьа, кхачаме хир ду хIора кIоштан полисхочо махках араволучо паспорт доьхуш чуделла кехаташ шайн тергоне эцча.

Дукха хан йоццуш бина сацам бу Ночийчохь Iедало оцу хьокъехь. 30 шарера валаза волчу жимчу стагера паспортна кехаташ чуоьцуш дац, нагахь санна цуьнца шен да-нана дацахь, цаьргара бакъо яцахь.

Стенна йоху нахера Оьрсийчоьнан конституцино цкъачунна дIаяккхаза лаьтта бакъо? Стенна мегаш дац пачхьалкхера араволуш маьршша паспорт схьаэца?

Бахьана гуш а, довзуьйтуш а ду. Иза муфтис иштта кхетадо: кегийрхой экстремистийн боламех ларбеш.

ТIаьххьарчу ткъа шерачохь Нохчийчуьрчу кегийрхойх бIеннаша бусалба Iилма, Къуръан Iамийна Шемахь, Иорданехь, Мисарахь, цигарчу университеташкахь, институташкахь. Царех цхьа дакъа Нохчийчуьрчу хьуьжаршкахь, Исламан универститетехь хьоьхуш бу, вуьйш шайгара Iилма даймахкахь политике йирзинчу муфтиятна оьшуш а дацарна юхабахана беха Туркойчохь, Урдунехь, Мисарахь, кхечу Малхбаленан мехкашкахь.

Историн говзанчас Вачагаев Майрбека шераш ду хьекъалдолчу нохчийн кегийрхойх, церан кхолламех дог а лозуш, и категори шен тидамехь латтае. Цунна хаьл ишта го.

Вачагаев: «Цара арадаьккхинарг, цара лелошдерг иза хьалха дуьйнна девзаш хилла некъаш ду. Советан Iедалан хенахь а Iилма Iамо ваха везаш, кхечу пачхьалкхе воьдуш велахь а, ур-атталла Ташкенте я Бухара хьо воьдуш хилча а, оцу муфтиято вахийта везаш вара. Царна хаа дезаш дара, шаьш вахийтина стаг юха шайна схьавогIур ву аьлла. Церан куьйгакIелахь лелош дар-кх иза.

ХIинца юха хIоттош дерг, суна схьахетарехь, изза бакъонаш ю, хьалха шайн хилла. Амма иза хIинца царна лело хала хир ду, хIунда аьлча, кегийчу нахана цаьргара кехат ца хилча а масийта бIе некъ карор бу, баха а, бахка а. ДIакхаьчча цо ша нохчо вац, я гIалгIай ву, суьйли ву эра ду, тIаккха хIун дан деза цара».

Вачагаев Майрбека цхьана декъанна харц ца до цхьаболу кегийрхой, цIерачу нахе шаьш деша боьлху а олий, Шемарчу а, Иракъерчу а тIемашка хIуьттуш масалш дуккха а хилар. Амма массо а деша лууш волу къона стаг цхьана гура виллар, массарна а цхьабосса луьра тIеIаткъамбар – иза харцо ю, оцу юкъаметтигаша а тоьтту нохчийн къонахий махкал ара, оццу «Исламан Пачхьалкх» олучу тобане, аьлла хета Iилманчана.

Вачагаев : «Дукхахверг ша деша воьду а олий, я болх беш ву олий, Сиреххьий, Иракъеххьий соцуш ву. Цундела иза а долуш ду. Муха сацалур дара? Сацалур а дац-кх, кхета ца вича, жимчу стага ша интернетчохь дешар, ладогIар, цо доьшуш дерггий, иза кхин ду. Кхето везаш ву иза, кхерон везаш вац.

Долуш дерг цхьана кепара ала ца аьлча, оцу интернетчохь дерг бакъ хета царна. ДIавоьду, юха дохковолий цIа ван меттиг боцуш вуьсу иза. Муфтис «хIан-хIа» аларх, Iедало «хIан-хIан» аларх а дIанислур долуш ца хета суна хьал. ПаргIат болх бу цу тIехь бан безаш, и бераш кхера а ца деш, кхетам а луш».

Шайца шога долчу Iедале протест кхайкхайойла нохчийн къоман дацахь а, хенан йохалла цо мехкан дайшна бехк буьллур болуш хьал ду лурчаха а, стохка а Нохчийчохь иккхина хилларг.

БIеннашкахь къона Iеламнах лоьцуш, етташ хьийзийра, оцу бахьанийца дукхахберш, бевдда, махкал арабевлира, Малхбале дIабахара. Иштта Туркойчохь а, кхечу Iаьрба мехкашкахь а севццачу кегийрхоша дукхазза а телефонаш а йиттира Маршо Радионе шайна хилла вас елхош. Амма гIодоцуш бисина, баьржира ерриг а Малхбалехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG