ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кризисах хьалхадовла керла план кечйина Грецин Iедалша


Ял яккхаран а, пенсеш даларан а системашкахь реформаш яр хьокъехь Грецино Еарин дийнахь хьалхатеттинчу планана реза хилла еврозонина юкъарчу пачхьалкхийн финансийн министрех а, еврокомиссарех а, Европан коьртачу банкан куьйгалхочух а, кхин болчу Евробертан куьйгалхойх а лаьтташ йолу Евротоба.

И план тIеэцийта гIерташ бара Афинашка Евробертан лидерш. ХIинца иза чекхъяккха езаш ю Грецин парламентехь. Евротобанан хьалханчо Диссеблюм Йеруна цу хьокхехь дIахьедар дина, Грецех доьзначу хаттарехь сацам бан безарш Еврозонана юкъайогIучу пачхьалкхийн финансийн министрш бу аьлла.

Церан цхьанакхетар хила дезаш ду Шоьтан дийнахь. Евротобанан куьйгалхойн саммит хир ю кху беттан 12-чу дийнахь. Греци еврозонина юкъара цаялийта а, иза финансашца гIорасиз хилар юхатоха а гIо дан аьтто бан мега грекийн Iедалша кечйинчу реформаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG