Азербайджанехь стохка аьхка лецна бакъоларъярхой, зудий, майрий Юнус – Ариффий, Лайлаъий – кхеле кхачош ду кху беттан 27-чу дийнахь, хаамбина Бакохарчу Iедало. ЮнусгIар бехкебо харц кехаташ кечдарна а, шаьш лелочу бизнесах Iедална ял дIа ца яларна а, пачхьалкхана ямартло ярна а.
59 шо долу Юнус Лайлаъ а, 60 шо долу Юнус Ариф а политикан бухатIехь а лаьцна, президентан Алиев ИлхIаман лаамца хьовсош а бу набахте аьлла хета Азербайджанерчу бакъоларъярхошна.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...