ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«ВорхI вешин йиша хуьлда!» - ширбелла луьйца


Дахначу шерашкахь санна, доьзалш стамлуш бацар хаало Нохчийчоьнан муьлххачу а юьртахь а, гIалахь а. Говзанчашна цуьнан бахьана го нахана шайн дахар ширчу заманашкахь санна токхе цахетарца а, адамашна шаьш даха атта хетарца а.

Жимма а хенарчу бахархоша даре а деш, I3 шарахь Сибрехахь дохоран къахь ловш а, инзаре яккхий халонаш Iуьйшуш а, цу хийрачу геналлехь дукха баларш нисделлехь а, нохчийн къам деба а дебна юхадирзина Даймахке. Казахстанера цIа даьхкинчу I960-гIа а, цунна тIаьхьарчу а шерашкахь, къаноша тоьшаллаш а далош, хIусамехь 4-5 бер доцуш наггахь доьзал а ца хилла.

Теркйист кIоштера Абзотов Салавди ву дуьйцуш цунах лаьцна. «Делах дуй баа а деккъа цхьана тхан урамехь хилла сурт ишта дар-кх дохийна къам цIа дирзича. Тхан ден Гиланин 5 кIанттий,ши йоIIий яра. Тхо-м хIинца а долуш ду байш делахь а. Тхан луларчу Гериханов Рамзаний,Шемаий 3 кIант, 3 йоI дара. Царал дехьа ехачу тхан ненайишин Вайдатан 7 кIант,3 йоI -10 бер дара. Церан лулахойн Ирбаханова Сулимийн а,Жанатийн а 3 кIант,8 йоI- 11 доьзалхо вара.

Оцу Сулимин ваша ларалучу Хизрин 4 кIанттий, 3 йоIIий дара. Дашна ала а доцуш бехха дIабахбан мегаш бу и могIа. Оццул дукха бераш дара хIетахь. ХIинца и сурт аьттехьа а дац. Бераш а ца дебош шайна,шайн сина а, дегIана а баха луурш алсамбевлла тахана. Дахарехь лар йоцуш вовр хилар, бераш ца хилча къоман кхане цахилар, цу кхетамийн цара ойла а ца йо. Бакъду, таро яцаро, доьзал когахIотто, дахарехь дIанисбан хьелаш ледара хиларо доьзал дебо ца хIуттуш юхабеттарш а бу. Болх-некъ боцурш чот йоцуш дукха хиларна, и саннарш кIезиг бу ала а хIуттур вацара со».

Iар дахарехь доьзал деборах цу кепара къамел динарг ву Теркйист кIоштера вахархо 63 шо долу Абзотов Салавди. Цо дийцарехь тахана халкъалахь яьржаш кхин мехаллаш а,чIагIлуш кхин лехамаш а бу.

Шо-шаре мел долу а, дахарехь кIарглуш,шорлуш,вайнехан юкъараллехь дохк санна дIасадаьржаш а ду бах цхьаболучара Европехь санна дахар тидар а, кхетор а, кханенан,ламенан ойлаеш, оза а оьзний бен,цхьана чсацаме а баьхкина Iалашо цалацар а.

Ишта хьажам болчех ву Новр кIоштера хьехархо историк Руслан. И ву дуьйцуш нохчаша тIаьхьалонан ойла а йой, тахана хьалха хьаьжжий бен ца стамбо доьзал бохуш.

Руслан: «Дерриг дуьнентIехь тергаллуш хIума ду-кх бераш кIезиг дар. Европехь а ду-кх изза цхьа бер а тоаме хеташ. Бераш доцуш доьзалш а дукха бу. Нохчий хьалха дара шортта бераш хилчий дика дуй,уьш вовшийн терго а еш кхуьий бохуш. Воккхачух йиснарг тIе а юхуш кхиъна ду тхо мелла даккхийнарш.

Ткъа хIинца кхо бер долуш а дукха бац. ХIинца дахар а дац атта болх-некъаца а, цхьа некъ юьхьар а лаьцна, дахарехь дIатарваларца а. Бер кхио атта дац. Дай-наношна а хIинца ца лаьа алсам бераш кхаба а, лело а. Боккха болх а,бала а бу иза. Берийн дезарш а тахана тIекхетта. Дукха ахча деза. Деккъа цхьа цIенош дар тоьур ду, суна ишта дезий,вуьшта дезий бохуш.

Берийн хьашташ дукха хиларна хIинца нехан кхо бер хилча а цецбуьйлу, «ма бале бевр бу-кх царна уьш» бохуш. Массо хIума а вовшах дозаделла ду. Кхочу-ш меллаша и цивилизаци боху хIума схьакхаьчна-кх йогIу-ш.».

Соьца къамел динчара а, кхечу могIарерчу бахархоша а билгалдаккхарца, дукхахболчара тIехIоьттина лаьттачу Iедалца а дузуш, кхолладелла политикан хьал синтеме я синтемаза хилар хьесапе а оьцуш, кхолла а кхуллу, деба а бо доьзал.

Цхьаболучара чIагIдарца и дахаран хьелаш хаъал даладелла а, нийсонан,бакъонан бух тIехь вуно дика хиларна Европехь беха нохчийн дебар лакхарчу тIегIанахь ду Даймахькахьчул.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG