ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхьаьънаш эцарна кхеле


Нажи-Юртан кIоштарчу ГалайтIан юьртда Ильясов Хампаш лаьцна меттигерчу бахархошкара доьзалх лаьцна кехаташ луш кхаьънаш бехна аьлла. Талламан комитето шозза кхаъ эцна боху Ильясовс – 28 эзар сом - бахначу баттахь. Иза лаца магийнарг ю Нажи-Юьртан кIоштан кхел.

Кхо кIира хьалха оццу бахьанийца лецира Соьлж-ГIалин Октябран кIоштахь бахаман-коммуналан декъан куьйгалхо Мусостов Мусост а. Вахархочунна ша эцначу декъа тIехь цIа дан бакъолуш 20 эзар сом даьккхина цо, аьлла даржийра талламчаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG