ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вовошашна кхерамаш туьйсу Iамеркой, ГIажарийчоьной


ГIажарийчоьно шен зарратат дай йолчу пачхьалкхийн хилла барт бохабахь, Iамерко шегахь юьту цунна тIеман тохарш дан бакъо, аьллачу Iамеркан лаккхарчу дипломатна жоп луш, ТехIерано дIахьедина, шайн пачхьалкхо оьшшу духьало йийр ю ша хьайинчунна аьлла.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретара Керри Джона Нью-Йоркехь дуьненца юкъаметтигаш къесторан кхеташо йоьдуш элира деношкахь шел хьалха тIеман министра Картер Эша аьлларг: ГIажарийчоьно барт бохабахь, тIеман ницкъ эша а тарло ТехIеран низаме ялон.

Керрин къамел «декъаза» ду, эрна бу цо туьйсу кхерамаш, и саннарг яхначу хенехь диса дезаш дара, тIеман мотт дика хир дара Iамеркахоша битича, аьлла, жоп луш, ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Зариф Мохьаммада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG