ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бертан дийцарш дIатеттина тIалибаша


Омар Молла валарх лаьцна хаам баржар бахьана долуш, вовшах ца кхетта бертан дийцаршна ОвхIанистанера Iедаллий, цигарчу тIалибийн лидершший, аьлла, дIахьедина Пакистанан дипломатин хьукмато. Цхьаьнакхетар ханна дехьататтар дехнарш тIалибаш бу, боху Пакистано. Шайн хьалханча лаьттина Омар Молла ши шо хьалха кхелхинийла ца хиинчух тера ду тIалибашна, Исламабадо хилам бовзийтталц.

Рейтерой, Ал Джазирой бахарехь, ОвхIанистанерчу тIалибийн буьйранчаша еарийдийнахь вовшах а кхетта, керла лидер хаьржина молла Мансур Ахтар Мохьаммад. Мансур вара кхо кIира хьалха ОвхIанистанан Iедалца бертан къамелийн хьалхарчу раунде гулбеллачу тIалибийн коьртехь.

Маршо Радиоца еарийндийнахь къамелдинчу ОвхIанистанан къоман кхерамзаллин кхеташонан декъашхоша шайна хууш дац элира тIалибаша шайна керла лидер хаьржинийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG