Еарийн буса Илсхан-Юьртаний, Майртупний юкъахь лаьттачу есачу майданахь сахьтехь гергга тIеман кхийссарш лаьттина Iедалхошний, гIаттамхошний юкъахь. Маьршачу нахалахь дараш дац.
Iедало ца дуьйцу хиллачух лаьцна. Бахархоша бечу хаамца, юьхьанца деза герзаш дийлина, тIаккха – маса тоьпаш. Дийцарехь, Майртуьпара цхьа вахархо тIеIоттавелла тIемалошна, цо мотт тоьхна Iедале.