Туркойчоьнан премьер-министро Давутоглу Ахьмата дIахьедар дина, Шемаца долчу дозанца кхерамазаллин зона кхолла дагахь ду шаьш аьлла. Иза оьшу ду цигахь бехаш болу маьрша нах Шеман эскарх а, Исламан пачхьалкх олучу тобанерчу тIемалойх а ларбан. ББС-на ша еллачу интервьюхь Давутоглус билгалдаьккхира и зона ларйеш Туркойн эскархой хир бац Шеман оппозицин тобанаш хир ю аьлла.
Хаьлхо Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хаам бинера Iамерко а, Туркойн пачхьалкхо а барт бина 98 километр еха а, 45 шуьйра а йолу кхерамазаллин зона кхолла аьлла. Цигахь ха деш хир бу Шеман Маьрша Арми олучу тобанан декъашхой. Амма Iамеркин пачхьалкхан департаментан зорбанан секретаро Тонер Марка дIахьедар дина цу тайпа зона кхолла барт бина бац хIинца а аьлла.