ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш буьртигахь юу хIинца


Нохчийчохь наркотикаш яржорна а, царех саярна а дуьхьал, хаддаза латтош къийсам белахь а, наркотикашца а, корта бахо молха шеца долчу хишца а шовкъ йолчу кегийрхойн могIарш дебащ хаало тIаьххьарчу хенахь. Халахеташ ду, лазар кхеттачийн декъехь зудабераш а хаадалар.

Пачхьалкхан тIегIанахь а сихонца орцах а бевлла, тIаьхьло йоллуш цхьа ладаме гIулчаш ца яхахь кхана хаза нехан санна тIаьхьа а хила а тарлуш, ледара хьал го цхьаболчу бахархошна вайнехан юкъараллехь.

И доьзна ду,бутт-батте мосазза болу бохург санна наркотех, бес-бесарчу молханех хьаам карош берш, йочане денош даьхкича жIаьлийн нускалш санна, дебаш хиларца.

Царна тIаьхьабозуш болчийн могIарш кху муьрехь, гIаланашкахь а,ярташкахь а бен-башхалла а йоцуш, вуно чIогIа дукълуш лору цхьаболчара. Юьртахоша даре а деш, суьйре тIеярций тобанашка дIа а гуллуш, кхин дIоггара беш хьулам а боцуш, бен-бечу могашаллин зенечу молханех шуьйра пайдаоьцу кегийрхоша а, кхиазхоша а.

Царна тхов латтош, уьш духкуш са яккхарна, хIуъчара дийцарехь, кху некъехь Теркйист кIоштехь лаьцна полицин белхо. Наркотикех, кийрана вон тIеIаткъам бечу молханех кегийрхой беттабалар могIарера гIуллакх ду гIаланашкахь бохуш тоьшаллаш даладо могIарерчу бахархоша. Ярташкхахьчул эшна делахь бен даладелла дац цу декъехь шайна гуш дерг а боху соьлжагIалахочо Магамадова Заремас.

Зарема: «Изза генадаьлла гIуллакх ду-кх кху гIалахь а. Оцу квартирашкара зударий беха боьлхуш бу-кх. Оцу мерза хиш чу таблеткаш а туьссуш, уьш муьйлуш хIаллак хуьлуш бу-кх. ЙоI ерг а, кIант а вверг и тIекхуьу чкъор дIадоккхуш ду. шайна ял схьа а оьцуш, низамхоша а духкуьйту боху и хьарам молханаш. Баккхийнаш, мелла а хенарнаш маларх а бетталуш IадIа, ткъа цаьрга марзбелларш кегийнарш бу.

Уьш ийманехь бу, баккхийнарш бу маларна тIера олу. Иза бакъ дац. Мелча хьожа кхетий а хууш къоначара къIайлах-къулах и молханаш муьйлу».

ХIора дийнахь,кIирнах, баттахь чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хааме дохучу терахьашца, махкахь уггар дукха лоьцуш берш бу изза молханаш, нуьйда-таблеткаш, наркотикаш оьцуш,юхкуш берш а.

Соьлжа гIалахь лаьцна 40 гарам марихуана а йоккхуш 47 шарера зуда. Соьлж -ГIалин кIоштан вахархо лаьцна Iаьржа чIурам тIоьрмиг а боккхуш, шена чохь I00 гарам сов марихуана а йолуш.

Набахтехь яккха кхо шо хан а тоьхна, изза наркотикаш бахьнехь чувоьллина Шелан кIоштера вахархо. Цуьнгара яккхинарг ю I40 гарам сов наркотик. И могIа дIабахбан йиш йолуш бу.

Оццу наркотикех, молханех шуьйра пайдаэцарехь божаберел дукха тIаьхьабуьсуш бац, гарехь, зударий а. Цул сов царалахь даьржина ду, шайн догIмех йохка-эцар а йина,шайна ма тов лелар. Цу хьокъехь дуьйцуш ву Соьлж-ГIалин кIоштера вахархо пенсахо Хьаса а.

Хьаса: «И шайна ма- тов лела мехкарий, уьш балха боьлхуш нах бу-кх. Болх-некъ бац, завод-фабрика а яц юьллуш. Iедал цIарца болчу наха лелочу хIуманна, бала а ца кхочуш, шайна ма тов дIалоьлуьйтуш бу-кх уьш а. Уьш шайна цхьа напха лаха боьлху хир бу-кх. хаза хетта, шен дегIаца ахча даккха гIур бац мехкарий, нагахь санна бан болх белахь муххале а. Хьалха Советан Iедал долуш а бара и тайпа зударий. Амма тахана санна эвхьаза даьлла-м дацара цкъа а цкъа а».

Дикка хьалха а массехазза а хьехийна ма-хиллара,цхьаболучара и зене, харц некъ юьхьар а лаьцна лелачеран могIарш дукъдалар цкъадолчунна дузу, Оьрсийчоьнан низам талха а деш,махкахь корта бахо маларш дохкар нажжаз деш хиларца.

Цуьнан агIончашна хетарехь уьш дохкар сел халонга даьккхина дацахьара, оццул дукха ца хила тарлора шайн могашаллина сел кIоршаме зе дийраш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG