ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БаIарш - тоьлла кхача


БаIарш. Оьшу гIирс: - Цхьана уьстагIан чуьйраш, дог, пах, гайш, мохь - Дуга - 200 гр. - Туьха- чоме а хьожуш. - Iаьржа бурч - боккха 1Iайг - Хох - 1 кийла - Хьожа йогIу буц – боккха 1 Iайг. Цхьана уьстагIан чуьйраш йила еза, доIах дIадоккху (чам талхабо), къамкъарг дIайоккху. ДагтIера пардо дIадоккху (кIеда хилийтархьама баIарш). Гайш цIанйо. Цхьаболучара кирачохь латтайо гаьш, цIанъялийта, амма жимма хьожа кхеташ хуьлу цул тIаьхьа, цундела кхехкийна хичу а Iуттуш, уьрсаца цIанъян еза. Гайш йору, юьлу, дIатоьгу, атарш юкъа яхка Iуьрг дуьтуш. Дог, пехаш, мохь хедо еза уьрсаца. Цунна тIетуху хох, туьха, бурч, дуга. ЦIанйина, тегна гаьш дIаюзу атарех, меха тай а дуьллий, буьхиг дIатоьгу. БаIарш шийла хица била а буьлий, кхе ухку. Шина сахьтехь кхехкабо. (БаIаршца цхьаьна гех йоккхий жима аса чутосу кхехкийта, иза кийча елахь – баIарш а кхихкина бевлла лору).

XS
SM
MD
LG