ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстонера полисхо шпион лору Оьсийчоьно


Псков кIоштан кхело набахтехь такха 15 шо а, 100 000 сом гIуда а кхайкхийна Эстонерчу кхерамзаллин полицин белхахочунна Кохвер Эстонна. Иза бехкевина шпионажаллехь а, герз Оьрсийчу дарна а, дозанан низам дохорна а. Кохвер Эстон лецира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисо стохка гурахь. Лоцуш цуьнга хилла боху ФСБ-но тапча а, 5000 евро а, къайлаха аьзнаш дIаязден гIирс а. Ша Кохвера даре ца дина ша шпион хиларх.

Ткъа Таллинно чIагIдо, иза оьрсаша дозанан Эстонин декъатIехь лаьцна, вадийна бохуш. Кхел къевлинчу хьелашкахь дIаяьхьина. Оьрсийчуьрчу набахтехь токхур ю Кохвера шена тоьхна хан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG