Желтойн махкара шайн махка бахка гIертачу эзарнаш мухIажиршна дуьхьало йина Македонин низамхоша, бIаьргех хидоккху гранаташ а кхуьйсуш. Европехь тховкIело лоьхучу Шемарчу, ОвхIанистанерчу, Къилбаседа Африкерчу наха буьйсанаш йоху Македонин-Желтойн дозанехь, Гевгелия гIалина гергахь.
Уьш маситтаза а гIоьртина дозанаш хадо кху муьрехь, амма сецабо низамхоша. Македонин Iедалерчу векало дIахьедина, Европана ладам боллуш низамаш деза, мухIажиршца дериг къастош, аьлла.