Украинан Йозушъяцаран Денна лерина эзарнаш эскархой могIанашкахь чекхбевлира Киеван центрехула оршотдийнахь. Гайтамехь вистхуьлуш мехкан президента Порошенко Петрос, Украино шен эскарш кхиор ду тIелиэтачу Оьрсийчоьно ир-кара хIитточу сепаратисташна дуьхьало ярхьама, элира.
6800 шайн вахархо Донбассерчу конфликтехь кехелхина хилар а, Минскехь машар бийццинашехь лаьтта тIематасадаларш а хьахийра президента. 9000 оьрсийн эскархо ву дакъалаьцна а, лоцуш а конфликтехь, 50 000 салтех, эпсарех лаьтта ницкъ бу Кремло Украинан дозане оьзна, бохура Порошенкос. Дахначу кIиранах массех тIеман ницкъийн ковр хааелла Оьрсийчуьра шайн мехкан дозанашна чоьхьаяьлла, элира цо.
Карарчу муьрехь шайн пачхьалкхера хьал Германин а, Францин а куьйгалхошна довзийта Берлине вахана ву Порошенко Петро.