Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думехь депутат Iийначу Глущенко Михаилна 17 шо хан тоьхна Петарбухарчу кхело цо 1998-чу шарахь политик-демократ Старовойтова Галина ейтарна. Ши шо дара иза оцу зуламна бехке хилар толлу.
Глущенкос даредина шеца цхьаьна Старовойтова ен кечамбеш Петарбухара бизнесхо Барсуков Владимир а вара аьлла, ткъа Барсуков ишта а ву кхечу зуламашна набахте хьажийна кхобуш. Ца товш хилла царна зуда-политик, иза цара яржийначу коррупцина дуьхьаллаттарна.
1998-чу шеран гурахь шен цIийнан тхов кIел йийра Старовойтова Галина. Пачхьалкхехь лелачу харцонашна, къаьсттина цо Нохчийчохь тIом гIатторна духьал яра хIетахьлерчу Пачхьалкхан думин депутат.