ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БIе гергга полицин белхахо а, эскархо а лазийна Киевехь


Оршот дийнахь тасадаларш хилла Киевехь Лаккхарчу Радана хьалха. И бахьана долуш лазийна 100 гергга полицин белхахо а, эскархо а. Цуьнах лаьцна хзаам бина Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Лазийначерах иттех стаг вочу хьолехь ву. Киеван мэро Кличко Виталийс дийцарехь, чевнаш хилла цхьа полисхо велла. Къепедацарш хилла Лаккхарчу Радо Iедал регионашца декъарх лаьцна Конституцина тIехь хийцамаш беш низам тIеэцначул тIаьхьа.

Украинин чохьарчу гIуллакхийн министро Аваков Арсена Фейсбукехь бинчу хаамца, «Свобода» олучу партин декъашхой хила мегачу наха масийтта оьккхуьйту хIума кхоьссина нахана юкъа. Дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш бара коьртачу декъана «Свобода» партин а, Ляшко Олеган «Радикалан партин» а, кхечу организацийн а декъашхой. Царна хетарехь Конституцина тIехь бинчу хийцамаша шуьйра бакъонаш ло Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа Донбассехь дIалаьцначу кIошташна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG