ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политика бахьанехь чубоьхкина зударий маьрша бахаран кампани йолийна Iамерко


Дерриг дуьнентIехь цхьацца пачхьалкхийн Iедалша харцонца набахташкахь латтош болу зударий маьрша бахарна тIе тидам бахийтаран кампани йолийна Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штаташа.

Цуьнах лаьцна Шинарин дийнахь хаам бира Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь Iамеркин векал йолчу Пауэр Самантас. Iамеркин пачхьалкхан департаменто бинчу хаамашца, лаххара 20 зуда ю кху дуьнентIехь политикан тутмакх лоруш.

Цу кампаница а догIуш дуьненаюкъараллан тидам тIебохуьйтур бу Оьрсийчохь лаьцна латтош йолу Украинера кеманхочунна Савченко Надеждинна а, Азербайджанан Iедалша чуйоьллина йолчу бакъонашларъярхочунна Юнус Лейлаъана а, журналистана Исмайлова Хадиджана а.

Цул сов Iамеркан Iедалша политикан тутмакх лоруш ю Узбекистанера бакъонашларъярхо Камиллова Матлюб а, ГIажарийчура Хедаят Бахарен а. Уьш а, кхин болу а Iедалаша набахтехь латтош болу политикан тутмакхаш-зударий сихха маьрша баха беза аьлла хета Iамеркина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG