ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох митинг вовшахтухуш ву Навальный


Кху беттан 20-чу дийнахь Москох «Iедалш хийцалуш хила деза» аьлла митинг дIаяхьа дагахь ву оппозицин политик Навальный Алексей а, цуьнан накъостий а.

Шен блогехь Навальныйс яздина и акци хир йолу де билгалдаккхар доьзна ду 2011-чу шарахь Гезгмашин-беттан 20-чу дийнахь Путин Владимир кхозлагIа а Оьрсийчоьнан президент хила дагахь ву аьлла дIахьедар дина хиларца. Ткъа Путина аьллера ша толам баккхахь цу хенахь президентан даржехь волу Медведев Дмитрий премьер-министр хIоттор ву ша аьлла.

Навальныйс дийцарехь, и мероприяи цхьа а кхерам а боцуш цара дIахьура ю, Москох Iедалшца дагадевллачул тIаьхьа. Митинг Москох муьлхачу меттехь хир ю цкъачунна билгалдаьлла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG