ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палмира йохош бу "Исламан пачхьалкх" тобанера тIемалой


Шемара шираллаш Iалаш ечу белхахоша бинчу хаамца, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан тIемалоша эккхийтина Палмира олучучу ширачу гIалин юккъехь хилла кхо бIов. Iилманчо Абделкерим Мамуна дийцарехь, хIаллакдинарш ду вайн заманан хьалхарчу бIешарахь даьхначу адамашна хIиттийна долу зияраташ.

Лелхийтина бIевнаш уггаре а хаза гIишлонаш яра Палмирехь бохуш чIагIдо Абделкерима. ДаIиш тобан тIемалоша шаьш дIалецначу территореш тIехь хIаллакйеш Iедал ду керстан а, бусулбан а нехан културан мехаллаш лоруш йолу шираллаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG