ДIадахана кIира дуьххьарлера кIира дара Донбассехь герзаш деттар сацорах лаьцна Минскехь бина барт кхочуш бан болабелла долу аьлла, дIахьедар дина Украинин президенто Порошенко Петрос. ТIематасадаларшкахь а, яккхийн тоьпаш етташ а дойуш адамаш дац цигахь элира цо.
Цуьнца цхьаьна, Порошенкос бинчу хаамца, Украинин эскархошна чевнаш хилла конфликт йоьдучу зонехь, серий а тийсина хIиттийна йолчу гранаташ а лилхина.
Дерриг а дуьне, Японина тIера Австралина тIекхаччалц, шайн агIор ду бохуш вара Украинин президент.