ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра ХьаьжцIа воьдург 2600 вахархо


СаIуда Iаьрбичу хьаьжцIа Нохчийчуьра кеманца новкъаваьлларг ву 2I8 стаг. Кху кIиранах кхин а 2600 вахархо ву новкъаволуш. Кхааридийнахь ГIалгIайчуьра I00 вахархо хьаьжцIа ваха новкъаваьлла Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан чоьтах. Нохчийчоьнан Динан урхаллин хаамашца, ерриг Нохчийчуьра Iаьрбичу кхаччалц нах эцна доьду кема I2-зза гIоттур ду Соьлж-ГIалин аэропортера.

Кхаабина уллерчу хьешан хIамашкахь кечбина хан яккха меттигаш а бу хьаьжцIа боьлхучарна. ХIора тобанца цхьацца куьйгалхо а, лор а хир ву. Дерриг некъахь долучу ахчанан барам бу 3-5 эзар доллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG