Харжамаш бу хуьлуш кху кIирандийнахь Гуьмсан кIоштан кхеташоне а, Керла Бенан администраце а. Кечамаш бина бевлла, аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан харжамийн гоно. Амма меттигерчу бахархой резабац харжамашкахь Iедалан парти бен яцарна.
24 депутат ву кIоштан кхеташоне хоржуш, 10 – Керлачу Бенахь. Харжамийн жамIаш муха хир ду хууш ду цхьа а шеко а йоцуш, дуьйцу меттигерчу бахархоша.