ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах ницкъаша харжамашка бигна Гуьмсан кIоштахь


Меттигерчу Iедале харжамаш бара кIирандийнахь дIахьош Нохчийчоьнан шина меттехь – Гуьмсехь а, Керлачу Бенахь а. Гуьмсан кхеташоне хаьржина 98 стагах оьшуш волу 24. Керлачу Бенахь 10 меттиг къовсуш 13 стаг вара. Мехкан харжамийн комиссино хаам барехь, 100 проценте кхоччуш бу харжамашкахь дакъалаьцнарш. Амма официалехь йоцчу хьостанаша лахара бара нехан харжамашкахь дакъалаца лаам, боху.

Нах ницкъаша харжамашка буьгуш, я бахийтархьама, артисташ арабаьхна, цаьрга концерташ йолуьйтуш хьийзира Iедал, боху шаьш евзийла ца луучу хьостанаша. Депутатийн гIенташ дIалецнарш бу, докккхачу декъана, «Цхьааллин Оьрсийчоь» партера кандидаташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG