ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема шина суьртахь го КIайчу ЦIенний, Кремлний


Дуьненца барт лохуш а воцу Шемин диктатор ал-Асад Башар гуьнахь долуш вац «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашца къийса, цунна накъосталла дар дастаме ду, аьлла дIахьедина Вашингтоно Кремле.

Шинарийдийнахь шен коллегица Лавров Сергейца телефонехула кхидIа къамел деш Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона аьлла, КIайчу ЦIийнан позици хьалха хилларг ю – Асада дита деза дарж деа шаре баьлла тIом берзийтархьама. И къамел хилла президента Путина Оьрсийчоьно дIадахдийр ду Шемарчу Iедална герзаца а, кхечу ницкъаца а гIодар аьллачул тIаьхьа.

Керрис Лавровца динчу къамелехь билгалдаьккхина, Оьрсийчоьно Асадна тIекарло латторо новкъарло йо дуьненна Малхбалера экстремизм къаръярехь, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG