ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кундузна тIелетта тIалибаш


ОвхIанистанерчу Кундуз провинцин полицин векало Хьусайни СаIида бинчу хаамца, тIалибаш массех агIор тIелетта Кундузна оршоьтан Iуьйранна. Хезаш дара яккхий-тоьпийн тата. «Ханабад, Чардары, СахIед олучу гIалин меттанашкахь тIемаш бу дIабоьлхуш,» - бохура Хьусайнис.

Цо бахарехь, вийна тIелаттачу тIалибех 20, полицех 3 стаг лазийна. Ткъа ТIалибанан пресс-секретара МуджахIид Забиуллас кхайкхамбина бахархошка цIера ара ца бийлар доьхуш. Цо даржийра, шен накъостийн 200-меттигах долу дарбанцIа карадерзош бу, аьлла. Яхначу бIаьста а гIоьртира тIалибаш Кундуз долаерзо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG