ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нобелан машаран совгIат делла Тунисерчу политикийн тобанна


Шайн махкахь хийцамийн мур, "Жасминан революци», цIий а доцуш йолорна а, ерзорна а кхушеран Нобелан машаран совгIат делла Тунисерчу политикийн тобанна. 2013-чу шарахь кхоллаелира Тунисехь и тоба, иза кхоьллинарш бара оцу махкара массех политикан жигархойн болам. Юкъархойн тобанаша терго а еш, даржера вохийра диктатор Бен Iали Iабидин, хийцира Iедал, дIабаьхьира харжамаш.

Къаьсттина экам и болх дIабахьаро машаран хорша дерзийра Тунисера хьал. 2014-чу шарахь президент хаьржира махко. 8 миллион Швецин крона ду Тунисерчу политикийн тобанна кхаьчна совгIат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG