ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцо - Аделье, нохчо - Аминат


Chechnya --Grandmama Aminat-Adelje, Chechen-German woman, 80 old year
Chechnya --Grandmama Aminat-Adelje, Chechen-German woman, 80 old year

Нохчийн дахарехь дуккха нисло хьо хийла цецвоккхуш, хьуна дела денна гушшехь, бух бовзаза дисина лела Iаламаташ. Нохчийн къома юкъахь кес-кеста нисло оьрсех, украинахойх, я кхечу къаьмнех буйла а ца хууш, шерра нохчийн мотт буьйцу нах. Иштачех Теркйистера къано, 80 а сов шераш долу Аминат.

Сталинан Iедало Сибреха хьажийначу нохчийн къомо къиза хало-эрчонаш ловш, тIехIуьтту харцонаш эшош, чот йоцуш дукха къаьхьа къурдаш бинехь а, цо собарца сатийсина хьомечу, салаьттачу Даймахка юхадерзаре,цIехьа богIу некъ юьхьарлацаре. Шаьш мел де эшна белахь а вайнах гIоьналлин куьг кхийдош,гIийланиг, мисканиг тергамза ца вуьтуш, шайн ницкъ кхочучу барамехь, гIаддайначарна гIортораш хилла чекхбевлла цу хийрачу геналлехь 13 шо токхуш.

Кхечу къаьмнашца хийла уьйраш туьйсуш меттигаш а нисьелла. Тахана нохчийн ярташкахь кIезиг бац бехан,берийн берийн бераш а долуш бакхийра оьрсийн,украинцийн,немцойн къомах зударий.

Иштачех цхьа ю 1930-чу шарахь Уфан гIалин Вологусаринск кIоштехь йина немцойн къомах Радко Аделье,тахана Теркйист кIоштан Iелин юьртахь МагамадовгIеран доьзалехь ехаш йолу Аминат. Иза, 17-18-ра яьлла ,кхиъна йоI йолуш, Карагандан Нуринск кIоштехь тIелаьцна Магамадов Якъуба, Амантас шеца болх бечу цуьнан йоIе Iайшате «вала да воцуш, цхьа стаг ю ша» аьлла латкъам бича.

Iайшат: «Хьелий узуш балхахь яра со. Со цигахь а йолуш детдомера схьаеънера Аминат. Йоккха йоI яра иза-м,говр санна доккха дегI а долуш, I8-I9 шо хир долуш.Со жима яра. И яра хьуна цу берийн цIийнехь кхиъна цизаьрка а узуш,къаркъа а молуш. Деладахь яр-кх,хIоккхул ехха ши чIаба а йолуш. Божарша санна хечий,коччий бен лела а ца йора хьуна.»

Маршо Радио: Шун дас тIелаьцначул тIаьхьа йитира цо цизаьрка…?

Iайшат: « Цизаьрка а йитира и божарийн бедарш а охьаехкира. Бусалбан нехан Iедалехь йолаелир-кх иза. Тхох схьакхеттачул тIаьхьа кхузза маре яхара иза. Цкъа Казахстанехь яхара, шозза цIадаьхкича яхара.»

Соьца къамел деш йолу Iайшат,хьелийозархо хиллехь а жима хилла I4-I5 шо бен доцуш. Доьзал а хилла церан иттех бер д олуш боккха. Шена чIогIа гIо хилира Аминатера бохуш дуьйцуш ю Iайшат кхин дIа а.Цуьнга хIума алар а тхан дас мага ца дора. Шул пайдехьа хир ю иза эхартахь олура тхан дас.»

Iайшат: «Балха тIехь цо дIатекхош яр-кх со. Берашца а чIогIа тарлуш дIа-м яхара. Цо берана дов дича а.тоьхча а тхан дас-нанас хIумма а ца алара. Йоккханиг со яра. Шен вежаирй,йижарий ду бохуш тарлора дика.

Шел дуккха а кегийрачу вежаршна,йижаршна човхош,тухуш,кхетош-кхиорехь дика тIеIаткъам беш чекхъяьлла шен йиша бохуш дуьйцуш ю Iайшат. Кегийчарна цу хенахь Аминат нанас дена йина йиша яц аьлла дага а ца догIура боху Iайшата. Цо дийцарехь хIинца берийн бераша а тIеоьцу иза дененан я деден йиша санна. Iайшат ю дуьйцуш шен тIеэцначу немцойн къомах йолчу йоккхах йолчу йишех Радко Аделье- Аминатах.

Iайшат: «Ша немцо елахь а, боьха гIазкхий,боьха керста бохуш чекхъяьлла-иза. 60 шо сов ду и тхойца йоллу. Барт ийгIина,со дIагIур юй,Iийр яций бохуш цкъа а девне йилийна а яц и тхойца. Со-со а цецьюьйлуш, сан вежарша а,церан несарша а чIогIа дика лелайо Аминат. Нахана-м хаа а ца хаьа и оха Сибрехахь тIелаьцна юй. Нахха-м стенна стенна буьйцу,тхан тхешан берашна а а ца хаьа а иза-м. Иза сан йиша а ю,шайн дедайн йиша а ю бохуш Iаш бу уьшша-м…»

Соьца шен йишех къамел динчу Теркйист кIоштерчу Iайшата билгал ма даккхара,цунна цкъа а дага а ца оьккху,кхечу къомах хийра стаг ю-кх хIара аьлла, Iеса ойла. Цунна доза а доцуш боккха кхаъ бу ишта дог-ойла чуьрчу несарийн а, церан несарийн а, берийн а хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG