Москох кхело ГIура-беттан 12-гIа де тIекхаччалц аьлла чуволла бакъо елла теракт кечйеш хилла аьлла лаьцна волу Межидов Мохьмад а, Байсултанов Аслан а, Ашаев Эльман а. Уьш берш Нохчийчура бу бохуш хаам бо «Интерфаксо».
ФСБ-н куьйгалхочо Бортников Александр чIагIдарехь, верриг а теракт кечйеш хилла аьлла лаьцна ву 12 стаг. Уьш эккхийтар дан дагахь хилла Москох, Оьрсийчоьне Шемахь бомбанаш еттар сацадайтар Iалашонца.
Кхучохь муъна нохчийн мотт бийци вай, оьрси дешнаш ца лелош?
Макфол Майкл <= Hara nohchiyn qoman mostagh wu shuna. Twitter chox Nohchichox thom niysa bina bohush war hara...