Цхьа эзар ах эзар нохчех а, Советан пачхьалкхан юкъахь хиллачу республикашкара бахархойх а лаьтташ йолу тIемалойн "Джейш-аль-МухIажирийн валь-Ансар" тоба дIакхетта «Нусран фронт» олучу тобанах. И тоба дуьхьал лаьтташ ю Башар Асадан Iедалан ницкъашна а, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанна а. Цунах лаьцна хаам ББС-но. Тергамхоша дийцарехь "Джейш-аль-МухIажирийн валь-Ансар" бригадо чIагIийна «Нусра фронтан» Алеппо гIалана гонаха йолу позицеш.