Кху шеран Товбеца-баттахь ГIажарийчоьнца цуьнан зарратан программа хьокъехь дийцарш дIахьош хиллачу 6 пачхьалкхо бина барт къобул бина гIажаройн парламенто. «Франс Пресс» агенталло бинчу хаамца, цу кепара тIадам биллина и барт кхочуш бан оьшу, я ца оьшу бохуш ГIажарийчохь хиллачу дискуссешна.
ТехIранан зарратан программа хьокъехь йолу план кхочуш ян йоло еза аьлла кхаж тесна 161 депутато. Дуьхьал хилла 59. 13 депутато кхаж цатесна. Iамеркин а, Британин а, Францин а, Оьрсийчоьнан а, Евробертан а, Германин а векалша дакъа а лоцуш, хилла дийцарш дIадирзича ГIажарийчоьно зарратан герз дан гIертар дитина аьлла д1ахьедар дира цу мехкан президенто РоухIани Хьассана.