Дахначу Шоьтан дийнахь Шемахь вовшашна масех чаккхарма герга нисделла хилла оьрсийн а, Iамеркин Цхьаьтоьнаначу Штатийн а тIеман кеманаш. Стиглахь лела кема хьенан ду хьажа, иза кхерорхьама а доцуш, герга дахана хилла оьрсийн СУ-30 Iамеркин кеманна. Цунах лаьцна хаам бина Кхаарийн дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллан пресс-секретаро Каношенков Игора.
Алеппо-гIалина тIехула нисъелла и инцидент. Вашингтонан а, Москохан а кеманийн Iалашо цхьаъ ю – «Исламан пачхьалкх» олу тобанаш хIаллакъяр. Ткъа Малхбузе шек ю оьрсийн кеманийн Iалашо исламан экстремисташ а боцуш, президентан Асад Башаран мостагIий дIабахар ю бохучух.
ТIаьххьарчу дийнахь-бусий 16 тохар дина Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша, бохeш чIагIдо Оьрсийчоьнан тIеман министраллан пресс-секретаро Каношенков Игора.