ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркоша шайн стигалахь чудаийтина хьена ду цахуу кема


Туркойн тIеман хIаваан ницкъаша чудаийтина Шеман дозанца шайн доза хадийна долу хьена ду цахуу кема. Туркойчоьнан Iедалан векалша дийцарехь, дуьйцург ду тIехь пилот воцу кема. Туркойн эскаран инарлан штабо бинчу хаамца, цара кхузза варе дина хилла и кема шайн доза цо дохийна аьлла. Иза хьена ду дуьйцуш дац. Iамеркин векалшна хетарехь, Туркойчоьно чуяийтинарг хила мегаш ю Оьрсийчоьнан дрон. Цунах лаьцна хаам бина Рейтер агенталло.

Амма Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIагIдарехь, дерриг а Шемахь долу оьрсийн кеманаш юхадирзина базе, ткъа тIехь пилоташ боцу кеманаш болх беш ду, цхьа а новкъарло а йоцуш. ХIара бут болалуш Шемахь бомбанаш а, ракеташ а етташ долчу Оьрсийчоьнан тIеман кеманаша шозза стигалхула доза дохийра Туркоьйчоьнан. Туркойн Iедалша а, НАТО-но а луьра критика йира Оьрсийчоьнан эскаран векалша лелочунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG