ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

35 эзар вахархо ведда Алеппо гIалара


Шемахь йоккхаллехь шолгIаниг ларалучу Алеппо гIалара 35 эзар вахархо ведда Iедалан эскаршна гIодечу оьрсийн кеманаша еттачу ракетех, кхуьйсучу бамбанех къаьхкина. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин пресс-секретара ХIугуенин Ванессас шинарийдийнахь хаамбина, ХIабер, Зербе олучу Алеппон дакъошкахь Оьрсийчоьнан кеманаша дохийна дуккха а цIенош, цуьнца доьзна кхача а, кхерч а оьшу вуно дукха адамна, аьлла.

Асад Башаран Iедалан ницкъаша дIалаьцна Алеппона уллера масех кIошт. Царна аьтто бечу Кремлан кеманаша 49-за дина шайн тохарш. Прессехь бечу хаамашца, оьрсийн кеманаша ракеташ, бомбанаш йиттина кху муьрехь Демаьшкана гонахарчу Латаки, ХIама гIаланашна тIе а.

Шемарчу тIамо гIовттийна шаьш бехачуьра 7 миллион бахархой, царех 4 миллион стаг ваьлла шайн махкал ара. 2011-чу шарахь дуьйна схьа вийна конфлитехь 3 бIе эзар гергга вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG