ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлна цхьа вахархо вац оьрси я нохчо


Кхушеран 9 баттахь Нохчийчохь лаьцна я вийна 80 сов гIаттамхо а, церан агIонча а. И тайпа терахьаш алссам мел хили а, Оьрсийчуьрчу Iедало дика болх бийраш лору шен низамхой. Амма и нах байар цхьана а низамца ца догIу бохуш юкъаралло бетта маьхьарий бац я Кремлна а, я дуьненна а хезаш.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло исс баттахь бинчу белхан жамIаш деш дIаяхьначу кхеташонехь дакъалаьцна мехкан куьйгалхочо а, кхин а цхьа могIа Iедалхоша а.

Низамхоша бинчу белхан цо коьрта жамI лерина махкара кхерамазаллех, синтемах дуьзна дахар вочу агIор хийцам боцуш лардар.

«Кху тIаьхьарчу шерашкахь кхерамазалла ларьярехь къастам боллуш хьалха догIуш ду вай ерриг Оьрсийчуьрчу кхечу кIошташлахь а. И кхиамаш ларбан а, чIагIбан а беза. Цу Iалашоне кхача, хадам боллуш гIулчаш яха еза «Иблисан пачхьалкхера» идеологашший, тIемалой-м бийца а ца оьшу, церан агIончаш а махка ца кховчийта.

Цунна ондда дуьхьало хир ю, нагахь вай кхиазхошца а, кегийрхошца а дIахьуш болу кхетош-кхиоран болх мал ца бахь».

Цу кепара дIахьедар динчу Кадыровна хетарехь бахархойн ницкъаллин структурех тешаран тIегIа лакхадаьлла.

Кху шеран исс баттахь бинчу белхан жамIаш далош, цхьана ханна министаран декхарш кхочушдеш волчу Алаудинов Аптис тидам тIебахийтина терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам баллор балха тIехь шайн коьрта Iалашо хилар а, цу декъехь шайн дика, бIаьрла гайтамаш хилар а.

Цо далийначу терахьашца кхушеран хьалхарчу 9 баттахь махкахь сацийна 66 герзаца дуьхьало йийраш а, церан агIончаш а. Лаца хьовзийча герзаш детта бевлча вийна дIаваьккхина I6 тIемало, шайлахь цхьаъ баьчча а волуш.

Алаудиновс Iорадаккхарца оцу йийцаре ечу хенахь гучудаккхина 170 терроран хьу-чулацам болу зулам, царех дуьхе а кхиъна даьстина 58 зулам,- боху лакхарчу тIегIан эпсаро. Ишта цо мукIарло дарца, кара а йина, хIаллакйина дIаяьккхина 11 герзан къайле а.

Iедалан хаамийн гIирсаша гIардаха эшна а доцуш, тахана ницкъаллин структурашна тIедехкинчу декхарех коьртаниг ду, Оьрсийчоьно генарчу Шема пачхьалкхехь хIаваакеманех а, хIурдкеманех а пайда а оьцуш, тIеман операци йолийчахьана, цигара уьдуш болу тIемалой Нохчийчу цакхачийтар.

Церан талор-террорах гIортор а йина лелачийн хьокъехь, уьш байар магош низам тIеэца деза аьлла, мехкан куьйгалхочо дина дIахьедар, коьртах а даьккхина дийцаре деш ду юкъараллехь.

Цхьаболучара кхеторехь леррина низам тIеэца хьашто а йоцуш, махкахь ишта а вац дийна йийсаре валош, гIаттамхой бу бохучарех стагга а. Цунна тоьшалла лору цара хIинцца, иттех де хьалха Соьлж-ГIалин Старопромысал кIоштехь герзаш тIекIирдина байанарш а.

Куьг бехке лоручарна луьра таIзар дарехь къизаллица къаьсташ ю бохуш, бакъоларьярхоша а ялхош лаьтташ ю Нохчийчоь. Цунна тоьшалла лору цара кху беттан 19-чу дийнахь мехкан Лакхарчу кхело бина сацам а.

Цо хийцам боцуш йитна Соьлж-ГIалин кIоштан суьдо аьхка БердкIел эвларчу вахархочунна Дикаев Iаьрбина кхайкхийна 5 шо хан. Талламхоша дийцарехь, цунна бехке диллинарг ду Хонкар махка а вахана, цигара иза Шема тIам тIе кхача дагахь хилар.

Ма-дарра аьлча, Дикаев шен лаам кхочушбан дозанал дехьа ваьлла а вац. Иза низамхоша лаьцна кеманна тIе а хаале. Шеман тIам тIе кхача ойла кхабар доцург, цуьнгара кхин даьлла хIумма а дац боху адвакаташа а,гергарчара а.

Масал далорхьама аьлча, цигга тIаме яха араяьлла, Хонкар мехкан а, Шеман пачхьалкхан а дозанал дехьа яла йоьлча, лаьцна, схьаялийнера Караулова Варвара цIе йолу оьрсийн къомах йоI.

Иза, жоьпе а ца ийзош, маьрша йитна. Шинггера а кхин даьлла хIумма а дац, амма пачхьалкх цхьаъ хиларе терра, низам а цхьаъ а доллушехь, таIзар дар, доза а доцуш морзахе ду.

XS
SM
MD
LG