ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

224 адам делла Оьрсийчоьнан кеманчохь


Мисарахь, Синайн ахгIайритIехула доьдуш доьхначу Оьрсийчоьнан кеманчохь хиллачу 224 стагах цхьа дийна ца висина. И хаам тIечIагбина КiахIирерчу Iедало а, цигарчу Кремлан векалто а. «Когалымавиа» компанин Аэробус-321 кема доьдуш хилла Шарм-аш-Шейхера Петарбуха.

Беллачу нахалахь, кхо украинахо а, цхьа белорус а воцург, берраш а Оьрсийчуьра нах бу.

Хиллачу бохамца доьзна кIиранде тезетан де кхайкхийна Оьрсийчохь. Президента Путина премьер-миннистр Медведев декхаре вина бохам талла тоба кхолла.

Эл-Ариш олучу меттехь, ломахь охьадоьжна кема, цхьа дакъа бердах кхетта, шолгIа дакъа даьгна. Мисаран Iедало дIахьедина, кема ша чудеана, цунна герз тоьхна дац, аьлла. Стигалдаьлла 23 минот яьлча радарца хилла зIе хаьдда кеман, цхьана муьрехь лаьтта охьадоссо аьтто бехна а хилла кемалелорхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG