ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

АН-12 кема доьхна Къилба Суданехь


Ан-12 олу киралелон кема доьхна Къилба Суданехь, Джуба-гIаларчу аэропортера иза хьалагIаьттина дукха хан ялале. Цунах лаьцна хаам бина Associated Press агенталло. Велла 41 стаг. Царна юкъахь бу кема тIедоьжна байина нах а. КемантIехь 20 гергга стаг хилла, кеманан тоба а, некъахой а.

Царах ши стаг дийна висина, цаьршинах цхьаъ бер ду. «Интерфаксо» бинчу хаамца, Къилба Суданера гIуллакхаш лелочу луларчу Угандерчу Оьрсийчоьнан векалалло бакъ цадина беллачарна юкъахь оьрсий бу бохург. Оьрсийчоьнан ТАСС агенталло дийцарехь, доьхна кема регистраци йина хилла Таджикистанехь. Иза хилла Лакхара Нил олучу провинцехь йолчу мехкадаьтта доккхучу метте доьдуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG