Германин а, Францин а, Украинин а, Оьрсийчоьнан а арахьарчу гIуллакхийн министрш гулбелла Берлинехь Украинин малхбалерчу конфликтаца доьзна хаттарш дийцаре дан. Стохка Охан-баттахь дуьйна Украинин эскархошна а, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташна а юкъахь тIемаш хилар бахьана долуш вийна 7900 стаг. Герзаш деттар сацош барт бина цигахь кху шеран Гезгмашин-баттахь.
Делахь а, наггахь герзаш тохар нисло шина агIонна юкъахь. Берлинехь цхьаьнакхеттачу еъа пачхьалкхан векалша дийцаре деш ду деза герзаш конфликт йолчу зонера арадахарх лаьцна хаттар. Германин арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало дийцарехь, цу хьокъехь план хIоттош бухе йилла мегаш ю дайн герзаш цигара дIадохуш кечйина хилла план.