ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яздархо-эссеист Глюксманн Андрэ кхелхина


Оршотдийнахь Парижехь кхелхина 78 шо долу французхойн философ, яздархо-эссеист Глюксманн Андрэ. Фейсбукера шен агIонтIехь и хаам баржийна цуьнан кIанта Глюксманн Рафаэля. 1968-чу шарахь арахецна цо шен дуьххьарлера «ТIемах ойланаш» жайна.

1970-чу шарахь Советан пачхьалкхашкахь диссидентийн агIо а лаьцнера яздархочо. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу шерашкахь нохчий тIемалойх доглазарца, Оьрсийчоьнан Iедална критика йинера цо «Ле Монд» цIе йолчу зорбанехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG