РагI лаьцча санна, тIаьхьий-хьалхий тергаллучу, вайнахалахь хааделла а, хIинццалц цкъа хилла а я дуьйцу хезна а доцчу, тамашеначу хиламех дуьзна ду кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчуьра дахар.
И бахьнехь гIаьттина зов-гIовгIа хIинца а йижа юьтуш а йоцуш, юха а карла а дохуш, ирчачех а ирча зулам санна, кхайкхош лаьтташ ду Курчалойхь зиярт дагор.
Зулам дай лоруш лаьцна виъ жима стаг, зIенашца дихкина куьйгаш а долуш, муьтIахь, кортош охьатаIIийна латтар бен кхин харжам боцуш, массо кIошташкахула чекхвоккхуш ву, гуламаш а беш, наьIалташ гулдойтуш.
Iедалан яккхий хьукхмат-урхаллаш ца лерича, зиярташ новкъадаьхкина кегийрхой тIаьххьара кхачийначех ю Новр, Теркйист, Шелковск кIошташ.
Хьолах кхуьуш воцчунна адам ша-щаха гуламе кхочу мотта а тарлуш, кIезиг бахархой ца хуьлу зуламхой нажжаз бечу гуламашкахь.
Махкахь кху муьрехь шолгIа дийцаре даьккхинарг дара БIаьчин юьртахь сурт дагор а, и бахьнехь ницкъаллин структураша кху Лахьанан- беттан 28-чу дийнахь, гоне а ерзийна, цу эвлахь зераш дар а.
Цу хиламах лаьцна полисхойн урхалло а, я цхьана Iедалан тIегIанахь а хааме даьккхина хIумма а дац, таппашкахь дIа а буьгуш,дукха кегийрхой а, кхизахой а лебинехь а.
«Кавказан узел» агенталло дIасабаржийначу хаамна тIе а тевжийна аьлча, забаренна а доцуш, бехкечунна тIаьхьакхиа тохабелла меттигера Iедалдай. Уьш бегашена арабевлла цахилар гойту айкхаллина диллинчу 30 миллион сом ахчано а.
ЗIенехула дIасабаржочу цу хаамехь билгалдоккхуш ду айкхваьллачьнан цIе, КъурIан тIехь дуй а бууш, хьуламехь латтор хилар.
Цхьаболчарна хетарехь бехкечу нехан сурт дагийнарг ши-кхоъ хиллехь, цу ахачанан дукхалло гучубаха тарло и болх бинарш.
Карарчу хенахь кхузахь кар-кара а оьцуш дийца даьккхинарг ду Гуьмсан кIоштан Ойсхар эвлара кхиъна йогIу йоI, муьлш бу ца хуучу наха лачкъийна дIайигар а, цхьа хан яьлча мукъайитар а, цул тIехь масех сахьт даьллий-даланза иза ялар а.
И ирча зулам динарш муьлш бу хууш дац. И меттиг нисьелла кIира хан хуьлчух тера а ду. И бехк боцу адам Iожалле кхачор, стенна делахь а официлан Iорадаьккхина кхайкхийна а дац.
Цундела хила тарло цунах дийцар нахалахь марсадалар, жима йоI ер зIенехула цIе яьлча санна сиха дIасадаржор а.
Гуьмсан кIоштехь иккхинчу бохамах шен хьажам болчех ву Соьлжа-ГIалара хьехархо Рамруд.
Рамруд: «Оьрсийн мотт а буьйцуш, хIара юй, яций бохуш, суьртан тI е а хьоьжуш, цара дIа а йигна, маха тоьхна а ца хаьа, я наркотикаш чутиттина а ца хаьа, охьа а кхоьссина и йоI йитна,цIерачарна карийначул тIаьхьа елла.
Кхузахь массо агIор талламаш беш структураш ю, керта а оьхуш,мила ву Iаш бохуш, дIаязбеш лелаш а бу, тIаккха а ишта меттиг нисьялар, низамхоша шаьш бен кхин дойла а яц и тайпа хIума.
Кхузахь дерг Дала ша нис ца дахь нислур ду ала а хала ду. ЧIогIа гена даьлла гIуллакх. Бепиг эца туькана бер дахийта а маьрша доцчу тIедаьлла хIара гIуллаккха-м, Дала диканиг дойла-кх. ХIара Нохчийчоь охьа а йиллина,шаьш Iайша кхузахь аьлла, дIа ца водахь, сунна-м ца хаьа, хIун дан деза…»
Ойсхара эвлахь динчу зуламах дийцинчу Рамрудичух тера дог-ойла ерш дуккха а бу. Къаьсттина хала ду оцу йоьIан цIерачарна бохуш долийра шен къамел Старопромыслан кIоштерчу вахархочо Мусаев Сулимас а.
Сулим: «Тайнигах тера, сурт санна хаза йоI ю иза. Цу йоьIан къа хиларал сов, цIерачийн а къа ду-кх чIогIа. ХIунда аьлча и бехкениг Iедало чувоьллина воцуш, мила ву а ца хууш, бIаьрза хьийзаш хало ю –кх цаьргахь. Дала тIаьхьакхиабойла уьш.
Ца хаьа суна-м. Кхузара юха а ца хьожуш цхьана дIаваха везар-кх. Кху тIаьхьарчу хенахь кху Нохчийчохь бIарзделла хьийзаш ду-кх адам. Кху Нохчийчохь хилла а ца Iа, ерриг Оьрсичоь олучу пачхьалкхехь а дац кхин зовкх хьоьгуш адам».
Гуьмсан кIоштехь йийна йоI бахьнехь къамеле бевлчара массара а бохург санна, вовшах дагабевллачух тера цхьабосса билгалдоккхура, махкара ладегIаме, Iаткъаме хьал а, мохк а битина мичча а цхьанха дIадахар санехь дуй те аьлла, ойла кхобуш дукха бахархой хилар а.