ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчуьра цIа кхойкху студенташ а, хьехархой а


Оьрсийчоьнан дешаран, Iилманан министраллин хаамашца, Туркойчуьрчу лакхарчу доьшийлашкара оьрсийн студенташ гергарчу хенахь цIаберзор бу. Шинарийдийнахь министралло дIахьедина, Оьрсийчуьрчу 44 Туркойчоьнан дешаран а, Iилманан а юкъараллашца йозуш хиллачу лакхарчу вузаша болх сацорах лаьцна.

Ишта дIакъевлинчийн могIарехь ю оьрсийн-туркойн Москохарчу «Иностранка» библиотекичохь лаьттина Iилманан юкъаралла а. Оьрсийчоьнан Дешаран, Iилманан министраллин куьйгалхочо Ливанов Дмитрийс чIагIдо, Оьрсийчуьрчу лакхарчу доьшийлашка буьйр кхаьчна Туркойчоьнца юкъаметтигаш ехкар, белхан, дешаран хьокъехь хьехархошна а, дешархошна а Туркойчу бахар тIейогIучу хенахь дехкар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG