Атлантикан альянсан (НАТО-н) мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министрша Черногори шаьш тIеман берте кхойкхур ю аларца, Оьрсийчоьно кхерам тесна оцу махканна, ша иза могуьйтур дац, аьлла. Черногорина аьлянса юкъаяха магош НАТО-н инарла секретара Столтенберг Йенса элира, «хIора халкъан ю бакъо шен кхерамзалла шена гуччу хьесапехь Iалашъян, оха Черногорина хIинца неI елларо а гойту, Европа цхьаалле гIерташ юйла».
Шен мохк НАТО юкъабахар ша муха туьду хаийтира Черногорин премьер-министра Джуканович Милос. «Вайзаманан лаккхарчу цивилан дуьне» олий кхетадо наха «Европан Барт» боху ши дош, элира цо. Москох президентан Путинан векало резадацар дIахьедина Черногорин хьокъехь, НАТО шен дозанаш гергагIертар Оьрсийчоьно ловр дац аьлла.