ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан президент бехкево Оьрсийчоьно


Туркойчоьнан президент Эрдоган Реджеп а, цуьнан доьзал а ДАIИШера мехкдаьтта оьцуш ахча доккхуш бу, аьлла дIахьедина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Шинарийдийнахь Москох брифингехь тIеман министраллерчу векало шена кхо некъ хаьа, элира, жихIадхоша Туркойчу мехкдаьтта кхачадеш.

И некъаш космосера бинчу талламаша а гойту, Шемара Туркойчу лела машенаш ю гуш суьрташ тIехь, бохура тIеман министраллерчу буьйранчо журналисташка. Ткъа хьалхо деношкахь Оьрсийчоьнан кема туркоша чудожор туьдуш президента Путин Владимира а элира, кема ДАIИШера мехкдаьтта эца новкъарло ярна дохийна Хонкарарчу Iедалан буьйранца.

Ша Туркойчоьнан хIаваан доза хадор къайладахьархьама доцург кхуллуш хьийза Оьрсийчоь, аьлла оршотдийнахь шайх лаьцна Кремло даржочу къамелийн хьокъехь туркойн премьер-министра Давутоглу Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG