ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керланаш

Iамерко толлуш ду Калифорнехь дина террор

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн низамхоша официалехь хаамбина, шаьш толлуш ду дахначу кхаарийдийнахь Калифорнехь социалан аьттонаш латточу агенталлехь герзаш диттина I4 стаг а вуьйш, 2I лаза а веш дина терроран талор, аьлла.

Низамхоша бахарехь, агенталлин гIишло чу а лилхина, нахана тIе герз диттинчу зудчой, майрачой маьхьарш бетташ хилла Шемара-Иракъера ДАIИШ хестаеш. Ташфин Малика а, Фарукъ Сайед а ду талор дина шиъ. Лос-Анжелос Таймс газето тоьшаллаша далийна церан Малхбалерчу жихIадхошца уьйраш хилар гойтуш.

Вашингтонехь къайлахчу сервисан ФБР директоро Коми Джеймса а тIечIагIбина и хаам. Амма цо бахарехь, низамхойн тидаме далаза хилла и шиъ цара зулам даллалц йолчу заманахь.

ДЕРРИГ КЕРЛАНАШ

Къилбаседа Кавказера биъ мохк бу кхиамийн боларца Оьрсийчохь уггаре ледарчех

ГIалгIайн, кхарачойн, чергазийн, хIирийн, гIебартойн, балкхаройн мехкаш бу аутсайдерш социалан а, экономикан а кхиамаш бовзуьйтучу федералан рейтинган тIаьххьарчу могIаршкахь. Иштта гойту хьал экономикехь 2019-чу шеран боларо. Иза довзуьйтина "РИА-Рейтинг" агенталло.

Кавказан мехкашлахь массарел ледара ю ГIалгIайчоьнан экономика, Оьрсийчуьрчу регионийн 85 меттигах цунна кхаьчна 82-гIаниг. Рейтингехь 81-ра ю Кхарачой-Чергазийчоь, 78-гIа – Къилбаседа ХIирийчоь, 77-гIа - ГIебарта-Балкхаройчоь.

ГIеххьачул лакхахь ю Дагестан а (57-гIа меттиг), Нохчийчоь а (68-гIа меттиг). Амма Кълбаседа Кавказерчу федералан гонехь уггаре дика хьал ду Ставропол-махкахь – иза 30-чу меттехь ю.

Хьалхо Къилбаседа Кавказера мехкаш (Ставропол-мохк боцург) белхаш бацарца хьалхабевлира " РИА-Рейтинго" динчу хьесапашкахь. Уггаре эшна дахар махкахь хиларца билгалъелира тIаьххьарчу рейтингашкахь Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалгIайчоь.

Терроризмана бехке еш, лохуш ю Нохчийчоьнан яхархо

Гайтаман сурт

27 шо долчу Саламова Залимина дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина Нохчийчохь. Шемарчу террорхошца уьйр тасарна беке йо иза, хаам бо ИА REGNUM агенталло, махкарчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалтанна тIе а тевжаш.

Цо бахарехь, 2015-чу шарахь Шема а яхана, цигарчу террорхойн гIеранах дIакхетта йоI.

Карарчу хенахь федералан а, дуьненаюкъарчу а хьукматашкахула лаца кхайкхийна ю Саламова.

DW: Оьрсийчоьно жоп ца делла Хангошвили верца доьзна Германино шега динчу хеттаршна

Нохчийн тIеман баьччашлахь лелла Хангошвили Зеламха (Кавтарашвили Торнике) Берлинехь верца доьзна, шега динчу хеттаршна жоьпаш ца дахкийтина, уьш кхачаре сатуьйсуш Iа Германин талламийн урхалла, яздо Deutsche Welle газето.

Хеттарш Берлинан прокуратуро хьийсийна Москва 2019-чу шеран Дечкен-баттахь, "дисина Оьрсийчоьно кхоччуш жоьпаш даланза", аьлла Германин юстицин министралло шега гIуллакхан хьокъехь кехат дахьийтинчу бундестаган депутате Дагделен Севиме. Оцу хьокъехь хаам бина dpa агенталло.

Хангошвили Зеламха вийра тапча йиттина Берлинерчу Жима Тиргартен паркехь 2019-чу шеран Марсхьокхучу-беттан 23-чу дийнахь. Оьрсийчоьно терроризманна бехке лорура Хангошвили. Шена Гуьржийчохь шозза тIелатар дича, Германе дIавахара иза. Зулам динарг хила тарлуш волу герзахо лецира нохчо вийначу сахьташкахь – Оьрсийчоьнан вахархо ву иза, дагадоуьйту Deutsche Welle газето.

Юьхьанца зулам толлуш яра Берлинера прокуратура, амма гIуллакх шега дIаийцира пачхьалкхан коьртачу прокуратуро – иштта нисло зулам кхечу пачхьалкхерчу къайлахчу сервисаша дина хилар тусаделча.

Германин Iедало дуккхаза а бехкаш дехкина Оьрсийчоьнна, цо шега хьийсийначу хеттаршна жоьпаш луш дацарна. Берлинна гарехь, дуккха а бу Оьрсийчоьно я Нохчийчуьрчу Iедало Хангошвили вейтина ала могуьйту битамаш. Оцу бахьанца Германино Оьрсийчу юхахьажийра цуьнан ши дипломат. Амма Москвара а вахийтира, персона нон грата а кхайкхийна, Германин ши векал Берлине цIа.

66 бер дина Дагестанерчу Каспийскехь ковид-лазархойн дарбан хIусамехь

Шина бетта чохь Каспийскехь COVID-19 ун кхеттачу доьзалхойх болчу зударша дина 66 бер, боху Дагестанан могашаллин министраллин пресс-векалто.

Иштачу зударшна шайнна къастийна ю гIалахь цхьа дарбан хIусам. Карарчу хенахь цигахь ду ун кхеттачу зударша дина 18 бер. Церан могашаллина сагатдо лоьраша.

"Берех бархI халачу хьолехь ду. ДегI сов дайн хилар а, дечу хенахь лазор а ду бахьанаш", - боху хаамехь.

Урхалло яздарехь, коронавирус шайца карийна а ду дуьйцучех цхьадолу бераш.

ТIаьххьара болчу хаамца, 5228 стаг ву Дагестанехь тесташа ун шайца хилар гайтина.

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса велла 23 стаг, ун кхетта 558-нна

Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 23 вахархо. Цомгуш хилла кхин а 558 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, 11 стаг кхелхина Дагестанехь, 6 – Къилбаседа ХIирийчохь, 2 – ГIалгIайчохь, 1 – Ставропол-махкахь. COVID-19 ун даьржичхьана схьа велла регионехь 505 стаг.

Хьалха а санна, уггаре дукха ду дараш Дагестанехь – 132 стагаца хааелла коронавирус дийнахь-буса.

  • Дагестан +132 (5 228 юьхьанца схьа)
  • Ставропол-мохк +85 (2 653)
  • Краснодар-мохк +79 (3 987)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +75 (2 978)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +67 (1 204)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +50 (3 055)
  • ГIалгIайчоь +37 (2 164)
  • Нохчийчоь +17 (1 264)
  • Адыгей +16 (890)

Верриг а коронавирус хьакхаелларг ву Къилбаседа Кавказехь 23 423 стаг, Оьрсийчохь - 423 741.

2019-чу шарахь ахча IаIорца рекорд яьккхина Кадыровн фондо

фонд Кадырова

Стохка Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу Нохчийчоьнан юкъараллин фондехь IаьIна цкъа а ца хиллачу хьесапехь дукха са - 6,075 миллиард сом. Оцу хьокъехь "СПАРК-Интерфакс" базехь шена карийна информаци яржийна "МБХ Медиа" портало.

Шера чохь фонде хьийсийначу ахчанийн барам хьалакхиина 2,7-зза, 2018-чу шарахь фонде хьажийна хилла 2,2 миллиард сом. 300 миллион сом гергга ахча даьккхина совдегаралла лелош ша фондо а.

2012-чу шарахь йолаелла фонд шен хьал довзуьйту кехаташ хIитто. Оцу хенара дуьйна схьа цкъа а гулделла дацара фонде 6 миллиард сом.

Ахча дайарх йолчу информацица, стохка Кадыровн фондо 2,8 миллиард сом хьажийна нехан хьашташна, дина сагIанаш. Ша фонд латтош а, цуьнан белхахошна алапа луш а дайина 71,6 млн. сом.

Официалерчу информацица, Кадыровн фондан долахь ю йохк-эцаран а, нехан хьашташ кхочушдаран а 10 компани. Амма ахча дIасалеларх дерг хууш дац кхаа компанера бен: "Мегастройинвестера", "Нохчийн аьрга хишкара", мерза ша бечу "Айсбергера".

Кадыровн фонд дуккхаза а хьехийна, ахча цо нахера "лаамехь-лаамза" доккху бохуш, амма Кадыров Рамзана цкъа а ца дина иза бакъ.

2004-чу шарахь кхоьллира Кадыров Ахьмадан цIарах фонд. Официалехь шен Iалашонашка диллира цо бахархошна сагIанаш дар а, Нохчийчохь белхан меттигаш кхоллар а.

ГIалгIайчохь оршотан дийнахь стаг вер чIирца дузу талламо

Мангал-беттан 1-чу дийнахь Яндаре юьртана гергахь Падиев Башир вийна хила тарло чIир оьцуш. Иштта ю талламчийн верси, хаам бина "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчуьрчу Таламан комитетан урхаллин векало.

"БатIал-Хьаьжин вирдера мурдаш бу уьш. Дуккха а хан ю царний, вийначун доьзалний юкъа дов доьлла", - элира хьосто.

Хаийтина ма-хиллара, федералан "Кавказ" некъа тIехь иккхина инцидент. 41 шо долу бизнесхо Падиев хилла шен Chevrolet машенахь, цунна маса топ йиттина цуьнца дIанисъеллачу Lada Granta машена чуьра.

Полисхошкахь йолчу информацица, лазийначун аьтто баьлла машен меттахъяккха, амма дIатоьхна иза некъ боькъучу духьалонах. Герзахочо, машена чуьра охьа а иккхина, кхин а тIе герз диттина Падиевна.

Цул тIаьхьа ша зулам динчуьра къайлаваьлла тIелеттарг. Хан гена ялале, цуьнан Lada Granta схьакарийна Несарна уллерчу Сурхохи юьртахь.

ЧIир екхарх йолу верси ю талламчаша зуьйш. 2014-чу шеран бIаьста вийначу Падиевн вашас, Хизара, дов иккхинчохь чевнаш йинера кхаа вешина ОлиговгIарна, цхьаъ царех, 41 шо кхаьчна Олигов Iиса велира.

Падиев Хизарна кхело 2015-чу шарахь 6 шо хан туьйхира набахтин луьрачу хьелашкахь такха.

Хасу-Юьртарчу лоьрашна ахчанца совгIат дина дагестанхоша

Пандемин хьелашкахь къахьегарна ахчанца совгIаташ дина Хасу-Юьртарчу гIалин коьртачу дарбан хIусамерчу а, орцан медицинан декъан а лоьрашна, хаам бо меттигерчу Iедалан пресс-векалто.

Медикашна гIалин администрацино схьайиллинчу фонде ахча хьийсийнарш бу Хасу-Юьртара а, гонахарчу кIошташкара а бахархой.

"Ахча шена луъ-луучо лора – гIалин кхеташонан депутаташа а, могIарерчу бахархоша а, леррина сагIадеш лелачу наха а", - элира гIалин мэрин пресс-векалто.

Белхан декхарш кхочушдечу муьрехь коронавирусах беллачу лоьрашна хIоллам хIотто чIагIо а йина хьаькамаша. Меттигерчу ТIеман сийлаллин Гу тIехь хир бу и хIоллам, боху хаамехь. ГIалин депутата Курбанов Ахьмада дийцарехь, Хасу-Юьртахь уьнах 4 лор велла.

ГIалгIайчоь: Машенашкахь хиллачийн дов даьлла, цхьа стаг вийна

"Кавказ" трассин ГIалгIайчуьрчу декъа тIехь, Яндаре юьрта уллехь, герзаш диттина машенашца хиллачара вовшашна. Цкъачунна вовзанза вуьсу стаг шен Lada Granta тIехь къайлаваьлла, Chevrolet машенан да а вийна.

"Велларг ву махкара 40 шо долу вахархо. Иза лохуш ю полици. Зулам динчу метте баьхкина куьйгалхой", - элира "Кавказ.Реалиига" ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу пресс-векалтехь.

Хиллачу бохамах лаьцна шуьйра информаци яланза ю полицино.

4,7 миллиард сом лур ду Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна керла аэропорт ян

Соьлж-ГIалахь керла аэропорт йилла оьшур ду пачхьалкхан бюджетера 4 миллиард 700 миллион сом. И ахча лур ду ша, аьлла Оьрсийчоьнан министрийн кабинето, хаам баржийна "Коммерсантъ" газето, пачхьалкхан "Транспортан инфраструктура кхиор" цIе йолчу программехь бинчу хийцамех йолчу информацина тIе а тевжаш.

Дийцарехь, аэропортан проект хIоттон ахча лур ду кхушара, ша гIишло йийр ю 2022–2024 шерашкахь.

Кхин а 9 миллиард гергга сом оьшур ду, Нохчийчуьрчу Iедало динчу хьесапашца, аэропортехь оьшу гIишлош тIеян.

Лурчаха махкарчу Iедало динчу хьесапца, аэропорт ян оьшу аьлла кхайкхийна терахь дара 16 миллиард сом.

Керла терминал юьллур ю Соьлж-ГIаларчу аэропортана гена доццуш.

Пандеми яржжалц йолчу заманахь аэропорте дуьссура, циггара доьлхура кеманаш Москва, Петербурге, Туркойчу, Киргизе, Эмираташка. Стохка аэропортехула чекхваьлла ах миллион гергга пассажир.

Дийнахь-буса 34 стаг велла, 586 – цомгуш хилла коронавирусах Къилбаседа Кавказехь

34 стаг кхелхина коронавирусах Къилбаседа Кавказехь, 586 – цомгуш хилла дийнахь-буса.

Уьнна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Дагестанехь велла 25 стаг, виъ – Къилбаседа ХIирийчохь, кхоъ – ГIебарта-Балкхаройчохь, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь – цхьацца. Верриг а регионехь велларг ву коронавирус бахьанехь 482 вахархо.

ДIадахначу дийнахь а, буса а ун шайца карийнарш уггаре дукха бу Дагестанехь – 141 стаг. Цигахь верриг а уьно лаьцнарг ву 5 096 стаг. Уггаре кIезиг бу иштанаш Адыгейхь – 874. Нохчийчохь COVID-19 дийнахь-буса хааелла 20 стагехь, верриг а и ун хьакхаделларг ву 1 247. Оьрсийчохь ах миллионе ца кхоччуш бу уьнах цомгуш хилларш.

Нохчийчуьра а, Дагестанера а 8 вахархо цIакхачийна Америкера

ХIинжа-ГIалахь охьадоьссина кIиранан сарахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкара юхавогIу Дагестанан а, Нохчийчоьнан а 8 вахархо цIавалош деана кема.

"Нью-Йорк – Москва – Ростов – ХIинжа-ГIала" яра рейсан маршрут.

"БархI стаг ву кеманара воьссинарг – 5 дагестанхо а, Нохчийчуьра 3 вахархо а", - элира "Кавказ.Реалиига" аэропортан пресс-векалтехь.

Пассажираш, коронавирусан тестех чекх а баьхна, 14 денна изоляцехь Iойтур бу. ХIинжа-ГIалахь, садоIучу "Дельфин" базехь, йоккхур ю и хан цIабаьхкинчу дагестанхоша, ткъа Нохчийчу дIахьовсор бу цигара бахархой.

Уьнна духьалоечу Оперативан штабан хаамца, Дагестанехь оршотан денна COVID-19 цамгар лаьцначех ву 5 096 стаг, царах велла 260.

Нальчикерчу коллегийн агIолаьцначу адвокаташна изоляцин хьал талхорна гIуданаш тоьхна

Москвахь Талламан комитетан цIенна хьалха ГIебарта-Балкхаройчуьрчу адвокатийн агIолоцуш, цхьалха пикеташ хIиттийначу адвокаташна, изоляцин хьал талхорца а доьзна, гIуданаш тоьхна. Басманни кIоштан полице бигира уьш кIиранан дийнахь.

Лецначех цхьамма, Селезнева Екатеринас, шаьш лецар нийса дац, Оьрсийчоьнан низамаша магадо цхьалха пикет хIотто, элира"Кавказ.Реалиин" корреспонденте. Шаьш кхаа сахьтехь сов кхебира полицин декъехь, тIе ца буьтуш, бехха латтийра шайна тIаьхьабаьхкина адвокаташ а, боху Селезневас.

Мангал-беттан 14-чу дийнахь оццу полице, Iедало магийна йоцу акци хIотторна гIудатохарх долу кехаташ дIаэца, тIекхайкхина адвокаташ. Шаьш юхатIедаха декхаредар а дац низамехь, чIагIдо Селезневас.

Хьалхо Нальчикерчу кхело дов айдира цигарчу шина адвокатна дуьхьал, дихкира гIалара дIасабовла – Жилоков Ратмирна а, Ципинова Дианина а. Полисхошна гIелоярна бехкебо уьш. Ткъа адвокаташа дIахьедина, полисхой тIелетта шайна, аьлла.

"Антифа" болам терроризман статусе баккха воллу Трамп

Фашизмана, расизмана духьалоен дуьненаюкъара "Антифа" болам (цIе кхоьллина "anti-fascism" терминах – ред.) шен администрацино террорхойн вовшахтохараллин декъа дӀаязбийр бу, аьлла кIиранан дийнахь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президента Трамп Доналда.

И дIахьедар цо дина твиттерехь, пачхьалкхерчу дуккха а гIаланашкахь гуламаш, кхийолу акцеш йоьлхучу юкъанна – полисхочо Миннесотехь афроамерикахо веро гIаьттина протест йижанза ю хIинца а. 46 шо долу Флойд Джордж вуьйш шен-шен дакъа лаьцначу веа полисхочунна тIехь кхел яр доьху протестхоша.

Акцешкахь дакъалоцучара йохайо, ягайо, пачхьалкхан объекташ, къоланаш до, ницкъ бо цхьаболчу нахана.

Reuters агенталло бахарехь, хууш дац мел бу протестхошлахь "Антифа" боламан декъашхой. Миннесота штатерчу халкъан кхерамзаллин департаментан куьйгалхочо Харрингтон Джона ша Стигалкъекъа-беттан 31-чохь еллачу пресс-конференцехь хаам бина, шоьтан дийнахь лецначу акцийн декъашхойх 20% Миннесота штатера нах а бац, аьлла. Шена цкъачунна билггал ца хаьа, шоьтан сарахь лецнарш мел дукха бу, аьлла Харрингтона.

Трампа дуьххьара олуш дац шен твиттерехь "Антифах" ‘террорхойн болам’. Оццу маьIнехь ду политикаша-консервативаторша ден дIахьедарш а.

Билггал хууш дац, гIоьртар ю я яц Трампан администраци "Антифа" боламна террорхойн цIе тилла. Амма иза дан гIортахь, вуно дукха федералан агенталлаш, хьукматаш шена тIетовжийта дезар ду президентан, боху Reuters-о.

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах велла 11 стаг, ун даьлла 573 вахархочунна

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а динчу зерашца, Къилбаседа Кавказехь велла 11 стаг, цомгашчарна тIекхетта кхин а - 573 стаг. Оперативан штабан информацица, Дагестанехь велла исс, Краснодаран кIоштахь а, Къилбаседа-ХIирийчохь а - цхьацца кхелхина.

COVID-19 вирусах верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг ву 448 пациент.

Къаьсттина дукха бу ун дуьлла нах Дагестанехь- 125:
Дагестанехь +125 (4 955 ун даьржичхьана)
Ставрополан кIоштахь +81(2 485)
Краснодаран кIоштахь +80 (3 824)
ГIебарта-Балкхаройчохь +77 (2 827)
Кхарачойн-Чергазийчохь +62 (1 067)
Къилбаседа ХIирийчохь +50 (2 957)
Адыгейхь +41 (854)
ГIалгIайчохь +39 (2 083)
Нохчийчохъь +18 (1 227)

Къилбаседа Кавказехь верриг а ун кхетта ву 22 279 стаг. Оперативан штабан дIахьедарца, Оьрсийчохь ву 405 843 дархо.

Дудаевца хиллачу къамелийн книга арахецна Киевехь

Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин хьалхара президент Дудаев ЖовхIар

Киеверчу "Залізний тато" ("Болатан дада") арахоьцийлехь зорбане яьккхина Нохчийчоьнан Республикан Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев ЖовхIаран интервьюн книга, яздо "Кавказ.Реалиино". Арахоьцийлан долахочо Савченко Дмитрийс дийцарехь, "Лицар свободи"("Маршонан къонах") цIе йолчу жайни юкъа яхана диллинчу хьосташкахь хилла а, иштта, Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаевн доьзало зорба тоха пурба делла а къамелаш.

Украинехь Дудаевх лаьцна арахецна киншка
Украинехь Дудаевх лаьцна арахецна киншка

"Тхан гочдархоша украинхойн матте ерзийра и йолу интервьюш. Цуьнан цхьа дакъа хьалха дуьйна публикана девзина ду, ткъа суьрташ - уникале ду, доьзалан суьртийн албомаш юкъара хиларна", - аьлла, билгалдаьккхина Савченкос.

Книгин цIе тиллинраг Дудаевн хилла хIусамнана - Дудаева Алла ю. Цо язйина книгин дешхьалхе а.

500 экземлярехь арахецна книга, иштта кхин а совнах тираж араяккха лаам бу арахоьцийлан.

Америкехь нах дуьхьалонан акце арабевлла полицин карах афроамерикахо веллачул тIаьхьа

Нью-Йоркера демонстраци

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн яккхийчу гIаланашкахь протесташ дIаяьхьна шоьтан дийнахь, къаьмнашлахь лелош йолу дискриминаци йитийтар тIедожош. Йоллу пачхьалкхехь бахархой карзахбевллера, кIайчу полисхочун карах афроIамеркахо валарца доьзна. Дукхахйолу демонстрацеш машарца юьйлалора, амма тIаьхьо ницкъбаре йоьрзура. Протестхоша ца лардора комендантан сахьт, сецайора дIасалела машенаш, цIераш туьйсура, куьзганаш дохадора, полицин леринчу дакъошца тийсадаларш нислора.

Флойд Джордж веллачул тIаьхьа Нью-Йоркера а, Вашингтонера а, Атлантера а, Чикагора а, Лос-Анджелесера а бахархой демонстраци бевлира. Карарчу беттан 25-чохь велира 46 шо долу афроIамеркахо, кIайчу эпсаро куьйгех гIоьмаш а тоьхна, лаьтта охьа а виллина, цуьнан лагтIе гола а таIийна, масех минотехь латтийча. Садукълучу Флойда масийттазза мохь тоьхна хиллера: "Соьга са ца даIало" бохуш.

Вашингтонерчу юстицин министраллан штаб-квартирана хьалха бIеннашкахь гулбеллачу демонстрантхоша маьхьарий деттара: "Соьга са ца даIало", "Iаьржачийн дахар маьIне дац" бохуш. ТIаьхьо КIайчу цIинехьа бахара уьш, цигахь бурчан газ хецначу полицица тийсадаларш хилира церан.

Къоман гвардин дакъош хьажийна Вашингтоне а, Огайо, Миссури, Висконсине, Теннесси, Миннесота штататшка а.

Нохчийчоь: COVID-19 ун даьлла ву 1 209 стаг. Кхелхина 13 дархо.

Нохчийчоь

ТIаьххьара шоьтан сарахь болчу хаамашца, Нохчийчохь лоьраша коронавирусан инфекци зуьйш, шайн тергоне эцна 5 499 вахархо. Меттигерчу хаамийн гIирсаша бина цунах лаьцна хаам. Могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана дина цу кепара дIахьедар. Верриг а ун даьлла ву махкахь 1 209 дархо. ГIоле а хилла, карантинера дIаваьккхина 825 пациент. Эпидеми яьржичахьана кхелхина 13 стаг.

Чолхечу хьолехь ву 18 стаг. Пехашка садоIуьйтучу гIирсашна (ИВЛ) тIетийсина бу уьш, иштта кислородан гIоьнца латтош ву 450 гергга пациент.

"Гергарчу хенахь керлачу коронавирусан инфекцин ун республикехь лахлур ду аьлла, тешна ду тхо. Делахь а, социалан дистанци а, гигиена а денна ларъеш хила езаш ю, COVID-19 вирус юха а карзах ца яккха", - аьлла министро.

Доллу дуьненчохь 6 миллион ву COVID-19 вирус кхеттарг

Дуьненчохь коронавирусан ун даьллачийн терахь 6 миллионе гIоьртина, ХIопкинс Джонсан Университетан зерашца. Кхелхина вирусах 367 эзар дархо, гIоле хилла 2, 5 миллион пациентана.

Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь билгалдаьккхира, ун даьлла нах 5 миллион бу аьлла. COVID-19 инфекци йолу нах къаьсттина дукха бу Iамеркан Цхаьнатоьхначу Штаташкахь а, Бразилехь а, Оьрсийчохь а, Великобританехь а, Испанехь а, Италехь а.

ГIалгIайчохь вийна ши тIемало

Иллюстративан сурт

ГIалгIайчуьрчу Сунжехь хиллачу лерринчу операцехь байина меттигера бахархой Мерешков а, Оздоев а. Талламан органаша дина иштта дIахьедар, яздо "Интерфакс" агенталло. Хаамийн гIирсашкахь яздира, шоьтан дийнахь оперативан штабо Сунжехь контртерроран операци дIакхайкхорах, гIали чохь герзаш деттарна.

Полисхойн хаамца, штурм еш, гучубаьхнера гIаттамхой. Операцехь вийна ши тIемало, хаам бина меттигерчу полицин декъерчу хьасташа.

Шо доладелчхьана республикехь дIаяьхьна кхоалгIа операци ю хIара. Лерина операци ерзийначул тIаьхьа Сунжа гIалахь бехкзуламан гIуллакх диллина шина артиклехь: "Ницкъаллийн структурийн белхахошна тIекхийдар" а, "Хьалххе барт а бина, цхьана тобано бакъо йоцуш герз лелор" а аьлла, яздина Оьрсийчоьнан ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан сайтехь.

"Интерфаксо" Iорадаьккхина, талламчийн органашкарчу шайн хьасташна тIетевжина, теракташ ян Iалашо хиллачу тIемалойн цIераш йовзийтина аьлла. "ГIалгIайчуьра Мерешков Билан а, фамили Оздоев йолу кхин а цхьаъ а ву", - яздина хаамийн гIирсо.

Къилбаседа Кавказ: коронавирусах велла 31 стаг. Ун даьлла кхин а 552 вахархочунна

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь 31 стаг велла коронавирусан уьнах. 552 дархо билгалваьккхина инфекцица. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла 25 стаг, Къилбаседа ХIирийчохь - кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь - шиъ, Ставрополан кIоштахь - цхьаъ. Кавказан регионашкахь верриг а COVID-19 инфекцех велла 437 пациент .

Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Дагестанехь- 126:

Дагестанехь +126 (4 830 ву эпидемии яьржичхьана)
Ставрополан кIоштахь +84 (2 404)
Краснодаран махкахь+82 (3 744)
ГIебарта-Балкхаройчохь+77 (2 750)
Кхарачойн-Чергазийчохь+54 (1 005)
Къилбаседа ХIирийчохь+49 (2 907)
ГIалгIайчохь +44 (2 044)
Адыгейхь +19 (813)
Нохчийчохь +17 (1 209)

Къилбаседа Кавказехь верриг а 21 706 пациент ву коронавирусан инфекци хьакхаелла. Ткъа Оьрсийчохь, оперативан штабан дIахедарца, 396 575 стаг ву COVID-19 лазар токхуш.

ГIалгIайчохь батIалхьажошна юкъахь кхийсарш хилла

Иллюстративан сурт

Де хьалха ГIалгIайчуьрчу Наьсаран кIоштарчу уггар а ницкъе йолчу динан организацин декъашхошна юкъахь герзаш деттар нисделла, яздо "Кавказ.Реалиис".

"Болчу хаамашца, Сурхахи эвларчу бахархошна юкъахь дов иккхина динан буха тIехь. БатIалхьажойн кланера арабовла лаам хилла цхьаболчийн. Оцу тIехула эргIадбахначу тобанхоша герзаш а детташ, зуламе даьккхина дов", - дийцина "Интерфаксе" оцу хьолех хуучу метттигерчу вахархочо.

Масех стагана чевнаш йина, уьш дарбан хIусамашка бигина. Инцидент талла йолийна, герз кхийсина нах лоьхуш бу.

Барт болуш, шайн интересаш Iедална хьалха а, къоман ламасташкахула а ларъеш бу бохуш, репутаци ю ГIалгIайчуьрчу батIалхьажойн вежараллан. Билггал хууш дац, маса стаг ву оцу вовшахтохараллана юкъахь. Амма, дийцарехь, 5 эзар гергга республикера борша нах бу церан могIаршкахь.

Оьрсийчохь алсамбевлла коронавирусан ун даьлла нах

Коронавирусаца болчу нахана дарба ден Коммунаркера лазартне

Кхаа дийнахь лагIделла а лаьттина, хIинца шолгIа де а ду Оьрсийчохь коронавирусан ун даьллачу нехан терахь кхуьуш долу, хааме даьккхина официалан статистикаца.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь пачхьалкхехь 8 952 стаг къаьстина COVID-19 вирус шеца хиларца. Дарба хилла 8 212 дархочунна. 181 стаг кхелхина.

Пачхьалкхехь эпидеми яьржичахьана дуьйна ун даьллера, официалан зерашца, 396 575 вахархочунна. Таханалерачу дийнахь вирус токхуш ву 224 551 стаг. ГIоле хилла 167 469 дархочунна. Кхелхина 4 555 вахархо.

Кадыровс ша могуш ву бахахь а, туркойн актераша "маршалла дойла", боху цуьнга

Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

ВКонтакте социалан машанехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцина, туркойн евзачу сериалашкарчу актерашкIелхьакIелхьакIелхьа, шеца зIене а буьйлуш, маршалла хуьлда баьхна шега, довха дешнаш а олуш.

Туркойчохь а, цул арахьа а дика евзачу кинош чохь дакъалаьцначу артисташна Эмре Учтэпэ Мухьаммадна а, Озчивит Буракна, Сёнмез Нуреттина а, Ал Джелялна а баркалла аьлла Кадыровс, церан Марха къобал а деш.

Карладоккху, кху деношкахь прессехь тIечIагIъянза информаци яьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна коронавирусан ун даьлла аьлла. Кадыровс харцдира ша могуш вац бохург.

Нохчийчохь 42 пациентана дарба хилла COVID-19 вирусах

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Нохчийчохь коронавирусан уьнах дарба хилла 42 пациентана аьлла, дIахьедина республикан могушалла Iалашъяран министро Сулейманов Эльхана. Махкарчу хаамийн гIирсаша яздо цунах.

ТIаьххьара пIераскан суьйранна хиллачу брифингехь Сулеймановс дийцарехь, лоьраша ун толлуш ду 5 443 вахархочуьнца. COVID-19 вирус къаьстина кхин а 18 стагаца.

Эпидеми чуеачхьана 787 пациент дарбан хIусамашкара араваьккхина гIоле а хилла. Велла махкахь уьнах 13 стаг. Сулеймановс дIахьедина, 18 стаг чолхечу хьолехь хилар. Пехашка хIо кхачочу аппараташна тIетийисна бу уьш. Кислородан гIоьнца латтош ву 500 гергга дархо.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG