ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь латтон хан яхйина Савченкона


2016-чу шеран Охан-беттан 16 де тIекхаччалц лаьцна йита сацам бина Украинин эскархо Савченко Надежда Ростох-кIоштан Донецк-гIалин кхело. Цу кепара суьдхо тIетайна прокурораша доьхучунна. Цу сацамна ша реза цахилар гойтуш ПIераскан дийнахь дуьйна мацалла лаца дагахь ю ша аьлла, дIахьедар дина Савченкос.

Мелла а сиха ша дIахеца езаш ю аьлла хета цунна. Савченко бехке еш ю Оьрсийчохь стохка Украинехь Луганск гIалана генадоцуш оьрсийн ши журналист вуьш дакъалацарна. Иза мича кхета а хоьжуш, яккхийн тоьпаш йиттина вийна ву бохуш чIагIдо оьрсаша шайн ши журналист.

Савченкос шена дохкуш долу бехкаш тIецадуьту. Савченко лаьцнера тIеман конфликт йоьдучу зонехь герзаца болчу оьрсийн сепаратисташа. Цул тIаьхьа цара иза дIахьажийра Оьрсийчу. Стохка цо шозза мацалла латтийра, Оьрсийчоьнан Iедалша шена тIехь латточу харцонна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG