Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратисташа дIалаьцна йолчу Украинерчу Луганскехь Сталинан бюст схьайоьллуш церемони хилла Шоьтан дийнахь.
Йоьза скульптура дIахIоттийна «Луганщинин коммунистийн цхьаьнакхетар» олучу боламан офисан территори тIехь.
Сталин вевзаш ву Советан пачхьалкхехь шуьйра репрессеш йина стаг санна. Репрессеш цасевцира пачхьалкхехь 1953-чу шарахь диктатор валлалц.