ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДоттагIаллин уьйраш чIагIъйина Казахстано а, Евроберто а


Оршотдийнахь Казахстанан коьртачу шахьарахь Астанахь Казахстано а, Евроберто а куьг яздина вовшашца йохка-эцаран, доттагIаллин уьйраш чIагIъян хIоттийначу бертан кехаташна буха. «Интерфакс-Казахстан» агенталло бечу хаамца, куьйгаш яздинарш бу Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министр Идрисов Ерлан а, ЕвроБертан дипломатин хьукматан лидер Могерини Федерика а.

"Боккха мах ьолуш гIуллакх хета тхуна Евробертан лидерца, Казахстанан премьер-министр, Евробертан декъашхойн-пачхьалкхийн векалш тешаш а болуш, бертах куьг яздар. ТIаьххьарчу кхаа шарахь ца саццош бинчу белхан жамI ду иза, бохура барамехь Идрисов Ерлана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG