ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британин эскарш дуьхьаллаьттар ду тIалибашна


ОвхIанистанан Гилменд провинце, цигарчу Сангин кIошта, тIалибашна дуьхьалхIитта шен эскархой хьовсийна Британино. Сангинехь шоьтан Iуьйранна а яра полици цхьацца йолу меттигаш дIа ца луш тIалибашна дуьхьаллаьтташ. Гилмендерчу губернаторо бахарехь, Сангинерчу Iедалера хьал эшийнарг ду цигара бахархой доккхачу декъанна тIалибашкахьа бовлар.

Гильменде хьовсош болу эскархой – уьш тIеман хьехамчаш бу, аьлла даржийна Лондоно. Цо бахарехь, тIемашкахь дакъалоцур дац я цара а, я бухахь хьалха дуьйна а волчу 150 ингалсан эскархочо а. Дахначу кIиранах Пентагоно хаамбира ОвхIанистанехь массо а меттигашкахь жигарабовлуш бу тIалибаш, аьлла.

Оршотдийнахь герзах вулавелла мотоциклхо иккхира БагIрам авиабазина гергахь, шеца цхьаьна 6 Iамеркан салти а вуьйш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG