ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо хьахийча моха ягIахь а...


Къаьмнашка маршоне болу хьогам, суверенитете кхийдар ца дитийтало Кремле.

Кремло къаьмнашка «маршо ма езза дIаэца» боху зама яра 20-гIчу бIешеран чаккхе. Амма ша Несара веъча 1991-чу шарахь и кхайкхам бинчу президента Ельцин Бориса кхо шо а далале болийра маьршабовла лиинчу нохчашца тIом. Цул тIаьхьа кхин хьахн магош а йоцуш, дакъазъяьккхира «суверенитет» термин. ХIинца и дош юха а хьехо долийна цхьадолчу къаьмнаша.

ГIезалоша боху шаьш шайн куьйгалхочух дуьтур дац «президент» алар. Оцу хьокъехь дехьа-сехьа резадацарш кхуьйсуш Москох а, Казан а Iе ю хIинцца-м дикка хан.

ТIаьххьара дар-дацар хилира деношкахь низамкхоллархойн Кхеташонан президиуман гуламехь. Чохь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин спикер Нарышкин Сергей а волуш, ГIезалойчоьнан парламентан куьйгалхочо Мухаметшин Фарида Москох, аьлча а, Дума бехкейира цо конституцица догIуш доцу низамаш арахецарна.

ГIезалойн спикеро бахарехь, цуьнан дехарца Казанерчу университето зийна Оьрсийчоьнан низамаш – 22 ду коституцица галморзахдолуш. Шаьш бина талламаш ша пачхьалкхерчу конституцин кхеле а хьовсийна, бохура Мухаметшина.

Дума конституцина тIехула иккхинийла гойту депутаташа гIезалошка кхин шайн президентах «президент» ма ала бохуш хьийзаро а. Иштта йовзийтира шен претензи деношкахь ГIезалойчоьнан низамашкахула а, къепехула а йолчу Пачхьалкхан Кхеташонан гIентдас Ягудин Шакира.

ГIезалошна «мехкан президент» боху термин республикан а, цигарчу халкъан а идентификатор ю, къоман статусан билгало ю, бохура Ягудина.

Юккъехула аьлча, гIезалойн мехкан куьйгалхочух «президент» аьлла къастийна ду ГIезалойчоьнан конституци тIехь. Ткъа мел тамаше делахь а, Оьрсийчоьнан конституцино билггал къастийна, тиллина цIе а йоцуш дитина хIора а мехкан дегахь долу дарж. Цхьаьнхьа цунах «президент» олу, кхечунхьа – «мехкан корта», ткъа Нохчийчохь – цхьанхьа а олийла а доцург – «паччахь».

Казанан Москохца Iедалаллах йолу кхераме диалог лаьттачу юкъанна нисделла бахначу баттахь туркоша шайн стигал цоьстуш хьийза Оьрсийчоьнан тIеман кема тоьхна дожор а, Хонкарца Кремлан гергарлонаш шелдалар а.

Дипломатехь дехьа-сехьа неIалташ деттачу юкъанна Оьрсийчоьнан синбахаман министра Мединский Владимира Iедалхочо санна телеграммаш хьийсийна Алтай, Башкортостоне, ГIезалойчу, Саха-Якуте, Тыва, Хакасе, ма-хуьллу сиха шайн ТюркСОЙца лела юкъаметтигаш хедае аьлла. ТюркСОЙ – иза массо а тюркийн меттанаш буйцучу къаьмнийн, ткъа уьш-м ду иттаннаш, синбахамаллин юкъарло ю, дуккха а башхаллаш цхьанайогIучу оцу къаьмнашна дуьненна ЮНЕСКО санна ю и вовшахкхетаралла.

Цундела иза Мединскийс йохае, дIалакъае, йита бахар, кIеда аьлча, гIиллакхе дац, ткъа ма-дарра аьлча, оьзда а дац – иштта бу цуьнан къамелан мах, масала, Маршо Радион гIезалойн сервисан куьйгалхочун Камал Кариман.

Камал: «Иза Мединскин некъ хилла а ма ца Iа, иза Москох уггаре воккхачу хьаькамо, оьгIазваххарх, бина сацам ма бу туркошца дергш дерриг а дIахадор.

Бакъду, Оьрсийчоьнан уггаре а кIаргделла гергарлонаш тIаьххьарчу шерашкахь туркошца дара, экономикехь а санна, синбахамаллаш гергаялорехь а.

Ткъа Мединский - иза барам боцуш боккха ерриг а Оьрсийчохь кху кIиранах бистинчу цабезаман цхьа са, цхьа аг1о бен а ма яц.

Ду дера адам-м цецдаьлла, лелориг дастаме хеташ, ас кхеторехь, лартIехь волчунна хIоранна а хета ишта. Амма Кремлехь хевшина Iийраш мелла а кхин адамаш ду. Цу тIе Мединский, синбахамаллин министр иза велахь а, цуьнан шеца ю оьздангаллица проблема, цкъа цо гойту шена массарна а хуург а ца хаьаийла, юха факташ тIехь гушшехь галволу».

ГIезалоша Кремлца шайн пачхьалкхаллин а, къоман цIеран а бакъо къуьйсучу юкъанна кхин а цхьа шатайпа конфликт иккхина Якутин Пачхьалкхан Кхеташонан депутатний, Оьрсийчоьанан Iедалний юкъахь. Ша пачхьалкхехь берашна оьрсийн мотт хьехаран концепцина реза вац, аьлла, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин спикере Нарышкин Сергейга кехат дахьийтина Якутскера Москох Шамаев Ивана.

Оьрсийн мотт дика хаийта, ца байта, бохуш, кхоьллинчу концепцино и мотт Iалашбан а мега, амма хIаллакбийр бу тхан ненан мотт, яздина Шамаевс.

Шамаевс а санна, оццу оьрсийн меттан концепцина протест кхайкхийра хьалхо Казанерчу интеллигенцин векалша а. Якуташна а, гIезалошна а новкъадеанарг ду, Оьрсийчохь еа эзар школехь цхьацца къаьмнийн меттанашна тIехь ду бераш Iамош, оцо оьрсийн маттана гIелойо, меттан концепцино бахар.

ГIезалоша, хIинца якуташа а, айина проблема ян а ю оьрсех боцчу нехан дахарх хьакхалуш. Делахь а, тамаше хетало шайн меттан дакъазалла ца ялхош, иза оьрсийн матто шена бухахьош гушшехь, кхидолчу къаьмнийн Iедалхой тап-аьлла тийна Iар.

Лийр бац нохчийн мотт, бакъдац, олу Нохчийчоьнан патриоташа. Ткъа бац оцу тешамна дало тоьшаллаш-м.

Хьоло баккъал а кхерам латтабо нохчийн маттана тIехь. Ткъа муха ду хьал, деза хабарш вайх хийлачо дахь а? Оцу хьокъехь махкахь ненан мотт хууш 300 стаг а карор вац тахана, элира Маршо Радиона интервью луш дукха хан йоццуш яздархочо Бексултанов Мусас.

Иза бакъ вац эр ду веккъа доцу хьал ду бохуш махкахула дIасаведда лелачо, доцург ду бохуш дерг даздина лела араваьккхинчо. Амма эр дац баккъал а шайн адамаша арахь а, чохь а буьйцучу нохчийн матте ладоьгIча-м, аьлча а, нохчийн маттах терачу меттан бахьане ладоьгIча.

Иштта бу таханенна дукха бисина боцчу нохчийн меттан охIланийн дагахь балламаш. Бексултанов Мусас даима а балхабо и лазам.

XS
SM
MD
LG