ТIьаххьарчу дийнахь-буса кхаа украинхочунна-эскархочунна чевнаш йина, вийна стагга а вац. Иштта бу оьрсийн сепаратистийн долахь лаьттачу Донбассера хьолах Украинан президентан гIоьнчас Лысенко Андрейс бина хаам. Маса тоьпаш а, гранаташ кхуьйсу, герз а дийлина 25-зза Донецкана гергахь, цо бахарехь.
ПIераскана минанаш кхуьйсу тоьпаш йиттира Зайцево гIалина гергарчу Украинан эскаран дакъойн позицешна тIе, хаамбина Лысенкос. Факташ йолуш хилар шен хаамашкахь тIечIагIдо оьрсийн Интерфакс агенталло а.